Саламбек ӏедале дӏавелча, гӏалгӏайн къомана а эхь хуьлу. Иза бӏешерашкахь дуьйцур ду. Хӏокху йуьртана неӏалт а кхайкхош. Кӏарлагӏан лам хӏоттор бу. Амма йурт йагайойтийла а дац. Бехк-гуьнахь а доцу нах бойуьйтийла а, зударий, бераш Сибрех дуьгийтийла а йац. Хьанна хаьа, зударий а, бераш а мацалла дала доьлча, Саламбекана а, йуьртан тхьамданашна а неӏалт кхайкхораш а бевр бу…
Йуьртан тхьамданаша шаьш цхьаьнакхеттачохь иза дийцаре дора, шаьш набарна охьабуьйшуш а, ӏуьйранна самабевлча а, цуьнан ойла йора. Эххар а цара сацам бира шен а, йуьртан а кхоллам Саламбеке шегга къастабайта.
Хӏара буьйса йекхна йара, йуккъе баьллачу батто а, стигалахь даьржинчу седарчаша а серладаьккхинера дуьне. Некъашца хӏиттинчу хишна тӏехула буткъа ша лацабеллера. Михеевс даржех бохийна йуьртда Орцха а, имам Межед а, къеда ӏелаха а, вовшашца лохха къамелаш а деш, Саламбекан кертан ринжа а диллина, керта буьйлира.
Саламбекан керт-ков могӏарчу гӏалгӏайнчул хийцам болуш дацара. Тхов тӏе гериг йиллина, деха пурхе долуш лоха цӏенош. Кертахь цхьана агӏор дохнан божал а, рагӏу а. Йуьстаха хӏоттийна серагех буьйцина хьаьжкӏех буьзна до а. Цунна уллохь котамийн кӏара а. Йовхачу хенахь пеш йаго йина тхов-кӏело.
Хӏорш кхоъ керта ваьлча, кочара зӏе йекош, чукхийсалуш, дера летадуьйлира рагӏу кӏелахь дихкина ӏаьржа, доккха жан-жӏаьла. Пурха ваьллачу шийтта шо хенарчу кӏанта човхийна дӏатедира иза.
– Ва-а, Хадижат!
– Хӏа-вай! – чуьра схьа йист а хуьлуш, араелира Саламбекан хӏусамнана.
– Хьо цӏахь йуй?
– Дера, йу. Схьадуьйла!
– Буьйса дика хуьлда шун, Хадижат!
– Марша догӏийла шу а, Орцха!
– Делера къинхетам, беркат ма оьшийла кху кертара!
– Дела резахуьлда шуна а, Межед! Схьачудовлал, ӏелаха!
Йуьртарчу таро йолчу нехан цхьа масех цӏа доцург, берриг а бахархойн хӏусамаш, цара цхьабарт бина кечйича санна, цхьатера йара чохь. Шочах йуьйцина черт буха а йиллина, тӏехула истангаш тийсина поппаран маьнга. Цуьнан цхьана маьӏӏехь тӏекӏел йоьттина мотт-гӏайба. Чухула стомма кӏурз биллина, бертиг ӏаржйелла шуьйра товха. Дуьхехь хӏоттийнчу дехачу гӏанта тӏехь цӏестан кӏудал а, гӏуммагӏа а. Баьрчерчу пенах тоьхна борах куз, вукху пенах тоьхна бустамашца кечдина къорза истанг а. Пенах терхешца хӏиттийна кхийра пхьегӏаш.