хӏун ду? Дала, пайхамара, шариӏато гайтинчу новкъара йуьстахдовлар. Дала бохург вай дахьара, Цо гайтинчу цӏенчу, нийсачу новкъа вай дӏагӏертахьара, вай ийманехь нислахьара, вайна хуьлуш долу дуккха а зенаш-зуламаш, бохамаш, баланаш хир ма бацара, Зеламха. Паччахьан ӏедал бехке до ахь. Иза нийса ду. Иза керста, оьрсийн ӏедал ду. Иза къинхетам боцуш, къиза, йамарт ӏедал ду. Оьрсийн паччахь ницкъ болуш ма ву. Царна хӏун ду нохчаша, бусалбанаша вовшийн байарх? Иза царна луург ду. Цхьажимма а вай бахьана далийтича, набахти кхуьйсу, Сибрех дохуьйту. И бахьанаш дийлийта вайна йукъа питанаш туьйсу. Ткъа вайна и бахьанаш ца дийлийта, лардала ца хаьа. Нагахь санна, Дала, пайхамара, бусалба дино бохург а деш, вай ийманехь нислахь, Дала вай зенех-зуламех, бохамех, баланех лардийр ду, Делера орца а, къинхетам а хир бу, вайн дуьне а, эхарт а декъал а хир ду. Иза иштта хилийта, Дела ницкъ болуш а, къинхетаме а, комаьрша а ву. Амма ийманехь вай ца нислахь, дуьне а, эхарт а декъаза хир ду вайн. Цуьнан цхьа а тайпа шеко йац.
И къамел хиллачул тӏаьхьа тайп-тайпана ойланаш йора Зеламхас. Ша хаъал хилчахьана чӏогӏа Делах тешаш а, чӏогӏа Делах а, къематдийнах а кхоьруш а, шена ма-хуъу, шен ницкъ ма-кхоччу, Далла ӏамал йеш а вара иза. Хьанала къахьоьгуш а, хьарамчух ларлуш а вара. Перз ламазел а, марханел а совнаха ламазаш а дора, марханаш а кхобура. Шайн даьхнина а, йалтина а тӏера закат а, мискачарна сагӏа а лора. Ша цӏена бусалба а хетара цунна. Амма Соип-Моллас дийцинчуьнга ладоьгӏча, ша цӏена бусалба хиларх шекваьллера иза. Шайн доьзалшна хиллачу бохамашна Далла хьалха а, доьзалшна хьалха а ша бехке а хийтира цунна. Оцу итт дийнахь шен ламазаш тӏехь Деле шена гечдар, шен доьзалшна къинхетам боьхура цо.
Амма паччахьан ӏедалца а, оцу Ведана-гӏопехь, тӏулгийн лекхачу, стаммийчу пенашна тӏехьа а левчкъина, кхузарчу мискачу адамашна тӏехь харцо, къизалла латточу оцу хьакхарчашца а, церан йалхой хилла лелачу нохчийн заддашца а машар а бина, къарвелла саца ойла а йацара. Цаьрца машар муха хуьлу, цхьаннахьа а гуш нийсо ца хилча, гобаьккхина лелаш харцонаш, йамартлонаш хилча. Нуьцкъалчо гӏорасизниг хьоьшу. Хьолахочо