дерг тӏаьххьара а, гуттаренна а чекхдаккха аьлла, Петарбухера омра кхаьчна Михеевга. Кхуза кхечу областашкара а эскарш даладо, боху. Йарташ йохор йу, нах, лоьцуш, Сибрех хьийсор бу. Со бахьана долуш йуьртарчу цхьана стагана, цхьана гӏалгӏачунна бохам хила, ца лаьа суна.
– Хьан хӏун ойла йу?
– ӏедална тӏеваха.
– Цара вуьйр ву-кх хьо, Саламбек!
– Мацца велла а, цкъа валаза ца волу. Сан сацам хилла баьлла. Со вийча, халкъ бохамах кӏелхьардер ду. Тховса дийна ву со, кхана сох хиндерг Дела воцчунна ца хаьа. Ирсе, маршоне, синтеме сатуьйсийла дӏадаьлла сан. Берийн дуьхьа вехийла-м лаьара. Амма вайна луург а, вайн сатийсамаш а кхочушхуьлуш ма бац. Дала азаллехь йаздинчух кӏелхьарвер вац цхьа а. Цундела сайн кхоллам Делан кхеле а биллина, ӏедална тӏегӏур ву со. Цхьа хӏума ду суна ца дезаш. Ирх а оьллина вер. Вайна дуьйцу ма хезна, шовзткъе шийтта шо хьалха гӏалгӏай паччахьан ӏедална дуьхьал гӏевттича, церан коьртехь хилла Арчакера Чандар, Мозургӏеран Мохьмад, Бехогӏеран Жаластукх, Ашиевгӏеран Башир, Мугугӏеран Урусби ирхъоьллира ӏедало, ткъе вуьрхӏитта стаг, тоьпийн чӏоьраш детташ, масех бӏе салтичун шина могӏанна йуккъехула чекх а ваьккхина, тӏаккха Сибрех вахийтира бохуш. И эхь сайна тӏехь хӏотто ца лаьа суна. Башир инарлина тӏе а вахийтина, цуьнгара дош даккха деза, со ирхъоьллина вуьйр вац, тоьпаш а тоьхна вуьйр ву аьлла. Шолгӏа, гӏалгӏашка Зеламха схьавоьху ӏедало. Соьга а боху иза схьало. Зеламха вайн йуьртахо а, гӏалгӏа а вац. Шен дегӏах жоп цо ша лур ду. Цунна йамартло йийр йац ас. Шайга лацалахь, Зеламха схьалаца, берта валахь, бертахь тӏевалаве, ала инарле. Ас ӏедална тӏе гӏо бохуш, дехарш дарх, Зеламхас соьга ладугӏур дац. Инарле и къамел дар тӏедиллахьа Баширна.
– Шаьш лецна буьгу нах новкъахь бойу цара. Вада гӏоьртинера, дуьхьало йинера олий, – элира Арслана.
– Хӏун башхо йу? Новкъахь вийча а, дӏакхаьчча вийча а? Коьртаниг ирхцаоллар ду. Дала мукъалахь, кӏилло, стешха, йамарт ца хилла со. Сайн накъосташна а, йуьртахошна а, халкъана а тешаме хилла. Сайна а, шуна а, къомана а эхь дина ца велчахьана, кхидерш цхьана а хьесапе дац.
– Айхьа бинчу некъана дохковаьлла, хьайн лаамехь тӏевахча,