фальшивомонетчикаш Мамонтов а, цуьнан компани а хилла хиларх. Шеко йацара цара Зеламхина а, Саламбекана а йасакхна текхнарг харц ахча хиларан а.
Оцу баттахь дуккха а кехаташ йаздира шина эпсаро. Шаьш йаздинчу кехаташна хӏоранна а лаха маьӏӏе Саламбеке куьг а йаздайтира. Хӏокху тӏаьхьарчу кӏиранах Саламбек дӏа ца кхойкхура цара. Хетарехь, лем эцар чекхдаьллера. Амма суд йар хьехош а дацара. Саламбек къонах вара вуьззина. Майра, доьналле, тешаме, собаре. Кхерам бохург хӏун йу а, ца хаьара цунна. Кхана а тоьпаш тоьхна веран тешам а бацара. Цунах а ца кхоьрура иза. Амма ма сингаттаме ду-кх хӏокху тӏулган кошахь, дийна а волуш, хан такха. Хӏора дийнахь йуьртахой а, генара гергарнаш а, доттагӏий а богӏу цунна тӏаьхьа. Амма Саламбекана ца гойту уьш. Царна – хӏара а. Наггахь цара беана кхача чуло.
Эххар а тӏекхечира Саламбека ладегӏна де. Куьйгех-когех гӏоьмаш тоьхна, гӏудалкха а хаийна, ткъех гӏалагӏазкхичунна а, полицейскийна а йукъа а воьллина, гӏалин урамашкахула суьдан цӏеношка дӏавигира иза. Некъан бохалла гӏалахой хьуьйсура цуьнга. Цунна тӏе пӏелгаш а хьийсош, вовшашка къамелаш а деш. Церан йаххьашка хьоьжура Саламбек. Наггахь шех дог лозург а гора цунна. Амма, шех дог ца ӏебаш, йаппарш йеш хьуьйсурш алсам гора. Церан шега цабезам хӏунда бу, ца хаьара Саламбекана. Царна цо бина бохам а ма бац.
Адамийн амал йу-кх иза. Саламбекан хьагӏ-гамо йац цаьрца. Иза къу, талорхо, адамашдайархо ву бохуш, ма дуьйцу цаьрга. Цкъа дийцина ца ӏа. Итт шеран дохалла дуьйцу. Дуккха а хин тӏадамаш тӏеэгча, тӏулгах а ӏуьрг долу, боху. Иштта церан хьех доьлла ӏедало хӏара сийсазвар. Хӏумма а дац. Тахана-кхана дерриг а чекхдер ду. Саламбекана тоьпаш а тоьхна. Хала киртиг тӏехӏоьттича, накъостий боьхна хьаьвзича, Зеламхас ма олура, эха сахьтехь сатоха, йа вай мостагӏий байъина, йа цара вай дайъина, чекхдер ду. Суд хиллалц сатоьхчахьана, дерриг а чекхдер ду. Цунна тоьпаш а тоьхна. Хьегнарг, лайнарг, баланаш а, гӏайгӏанаш а – дерриг а чекхдер ду. Амма хӏара де цӏемза делахь а, ма хаза ду-кх дуьне. Ваха-м, дера, лаьа. Делахь а, вала дезар ду. Ша бахьана долуш гӏалгӏайн халкъана бохамаш ца хилийта. Халкъана-м хьовха,