– Бехкевинчун лехам нийса бу! – чӏагӏдира Башира.
Прокуроро дош дийхира.
– Господин суьдан председатель! Господаш къаной! Бехкевинчун а, цуьнан адвокатан а лехамаш законаца нийса ца богӏу. Россин империн законехь къуьнна а, зуламхочунна а, разбойникана а тоьпаш тоха аьлла дац. Иштта сийлахь кхел тӏемалошна гайтина. Ткъа ас лоруш волчу цуьнан локхаллин Михеевн бакъо йац и закон хийца. Цундела лерамечу суьде сан дехар ду разбойникана, талорхочунна, адамашдайархочунна Гасаоджев Саламбекана ирхъуллуш вен кхел йар.
Суд кхел йан кхечу цӏа чу йахча, цигахь кхеташо йеш йоккху хан шарал а йахйелира Саламбекана. Гӏопастанна улло а баьхкина, цуьнан дог-ойла айа, маслаӏат дан гӏерташ, къамелаш дора гергарчара а, доттагӏаша а. Оцу кхаа дийнахь цигара дӏа ца волуш, ирахь лаьттира Арслан. Наггахь гӏопастанна улло догӏура Хадижат а, кӏант ӏалихан а. Амма и шиъ, дист а ца хуьлуш, Саламбеке хьоьжуш, лаьттара шаьшшиъ полицейскийша цигара дӏадаккхалц.
Суд чуеача, зала чуьра берриг а нах хьалагӏевттира. Суьдан председатело кхел кхайкхийра Саламбек ирхъоьллина вен.
– Шун бакъо йац иштта кхел йан! – мохь белира Хадижатан. – Инарлас делла дош дохийна аш!
Суьдан председательна тӏегӏерта Хадижат гӏалагӏазкхичо, теттина, йухайаьккхира.
– Хадижат! Эхь ма де вайна! – мохь туьйхира Саламбека. – Бен дац, мухха вийча а!
– Делан мостагӏий! Дала хӏаллакдойла шу! Хьакхарчий!
– Хадижат! Тоийта!
Шен бага мел деанарг олуш, суьдана сардамаш кхайкхадора Хадижата. Арслана, ӏалихана хьоьстуш, зала чуьра арайаьккхира иза. Амма арахь а шен дог ӏабош мохь хьийкхира цо цхьа хан йаллалц. Тӏаккха, Саламбеке а кхойкхуш, тийжаш йелха йолайелира…
Шайн халкъан, даймехкан сий лардеш, маршо ларйеш тӏамехь а, набахтешкахь а, каторгашкахь а, тангӏалкха тӏехь а дукха кӏентий белла нохчийн а, гӏалгӏайн а къоман. Тӏаме воьдучу стеган, цигахь ца вуьйш, дийна висаре дог дохийла хуьлу. Набахтехь а, каторгехь а ӏожалла ца хилахь, хан чекхйаьлча, маршаваьлла цӏавоьрзур ву бохуш, сапаргӏат хуьлу. Амма къинхетаме а, дийна витаре а дог дохийла йоцуш, халкъан дуьхьа, даймехкан дуьхьа, ша бахьана долуш халкъана бохамаш ца хилийта, шайн