Цуьнан дегӏера са дӏадаларх тешначу чаьлтачо, салтийн гӏоьнца муш а хадийна, охьадаьккхина дакъа, пена улло охьа а диллина, йуьхь дӏахьулйеш, тӏе тиша ши гали тесира.
Шолгӏачу дийнахь Сагӏопше гергарчу нахе хаам бина, цаьрга дӏаделира Саламбекан дакъа…
Шела шатайпа коьрта шахьар йу Нохчийчоьнан. Нохчийн кхечу йаккхийчу йартел дукха йоккха а йац иза. Шела коьрта шахьар лараран бух болуш бахьанаш ду. Соьлжа-Гӏалина а, гӏалагӏазкхийн станицашна а генахь, ӏаьржачу ломан когашкахь, шерачу арахь йиллина шира йурт йу иза. Цунна гонаха йу нохчийн йаккхий йарташ Гермачига а, Курчалой-Эвла а, Эвтара а, Гелдагана а, Сиржа-Эвла а, Атагӏа а, Майртуп а, Мескар-Эвла а, Цоци-Юрт а, Бӏачи-Юрт а, ӏаларой-Эвла а, кхиерш а. Малхбалехьара схьа Нохчмахкара цунна тӏебогӏуш масех некъ а бу.
Шелахь бу нохчийн баккхий ӏеламнах, цӏейаххана совдегарш, эпсарш, дохнадай, мехкадай. Кхузахь йу йаккхий туьканаш, пӏерасканан дийнахь йоккха базар а хуьлу, оцу йарташкара а, ӏаьндара а, генарчу йарташкара а адамаш гуллуш.
Кхузара маьждиг а ду нохчийн кхечу йарташкарчу маьждигел доккха а, хаза а. Тахана, пӏерасканан дийнахь, рузбан-ламазе дукха адамаш гулделла кхуза. Шелара а, гондӏарчу йарташкара а. Соип-Моллин хьехамашка ладогӏа.
Соип-Моллица цхьа гӏуллакх хилла, Шела веана Овхьад а нисвелира рузбане. Цуьнга тергалдаделира хӏокху Делан цӏа чохь а адамаша шайна йукъахь нийсо йеш цахилар. Дерриг а адамаш цхьатера бакъонаш йолуш кхоьллина ша, боху Дала. Къениг, мисканиг, гӏийланиг тӏехьа ма тетта, иза охьатаӏо, лахван ма гӏерта. Мелхо а, цуьнан дог эца, цуьнца гӏиллакх леладе. Хьайн хьолах, даржах, ницкъах теший, даг чу куралла ма йоссийта. Уьш дерриг хьуна делларг а Ша ву, хьо кураваьллачу дийнахь уьш хьоьгара дӏадаха ницкъ берг а Ша ву, боху Дала. Тахана хӏокху маьждиг чохь болу берриг а нах шаьш Делах тешаш а, Делах кхоьруш а бу бохуш, Цунна ӏамал йан баьхкина. Амма Дала бохург деш бац. Хьолахой, хьажой, таронаш йерш а хьалхарчу могӏаршкахь, ткъа гӏийланаш, къенаш, мисканаш – тӏехьарчу могӏаршкахь, дуьхехь, бу.
Лекха, стоммочу дегӏахь, тӏейуьйхина баьццара оба а, коьртахь туркойн цӏен пес а