Ткъа Дала бусалба дин кхайкхо, ӏалайсалам, Мухьаммад-пайхамар ваийтинчул тӏаьхьа, Дала цуьнгахула Къуръан доссийнчул тӏаьхьа цхьа эзар кхо бӏе шо даьлла. Оцу эзар кхаа бӏе шарахь хӏора дийнахь адамашна хьоьхуш ду Къуръано а, ӏалайсалам, пайхамаран хьадисаша а, шариӏато а бохург. Хӏетте а Далла ӏамал а ца йеш, Дала бусалбанашна тӏедехкина декхарш кхочуш а ца деш, иймане а ца воьрзуш, дуьненахь хан а йаьккхина, шена тӏе ӏожалла хӏоьттича, кхеравелла, дохко а ваьлла, шахӏадат далийначунна ца гечдо Дала, гечдийр а дац. Нехан хьакъ диъначо, ша дуьненахь а волуш, дӏатакха деза долчу дена, иза къинтӏера ваккха а веза. Тӏаккха Делан къинхетаме дог дохийла хир йу цуьнан…
Кхин масех стеган хаттаршна Соип-Моллас жоьпаш делча, маьждиг чу веаначу цхьана стага, Овта-Хьаьжин лере а вахана, цуьнга масех дош элира.
– Ладогӏал, нах! – мохь туьйхира Овта-Хьаьжас. – Селхана ӏуьйранна сатоссучу хенахь Буритӏарчу набахтехь, ирх а оьллина, къиза вийна вайнаха сий деш, лоруш хилла гӏалгӏайн халкъан майра, оьзда, доьналле, тешаме кӏант Госа-Хьаьжин Саламбек. Соип-Молла, доӏа дехьа…
Доӏина тӏаьхьа Саламбекана докъа ламаз а дина, кхоьлинчу йаххьашца маьждигера дӏасабахара нах…
Эскаран отрядан начальнико полковника Морганияс хаам бина соьга, Зеламха революцин гӏуллакхна йукъаозо 60 гергга студенто (царах дукхахберш эрмалой бу) сацам тӏеэцна хиларх. Оцу ӏалашонца шайн пхи стаг Нохчийчу вахийтина цара. Шелан вахархочуьнца Боршигов Шаидца дехха дийцарш динчул тӏаьхьа, 19-чу апрелехь, цо Зеламхина тӏебигна уьш. Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш, пхеа студентал совнаха, кхин а 22 стаг хилла. Царна йукъахь – вайн ши агент а. Цигахь студенташа дехар дина Зеламхе, кестта Россин, Китайн тӏом хир бу, тӏаккха Россехь революци хир йу, оцу революцина гӏо дахьара ахь бохуш. Зеламхина бомбанаш йелла цара. Зеламха шайх тешийта, цунна дош делла цара со а, сан гӏоьнча инарла-майор Степанов а вен, эскаран дакъош, тӏеман гӏирсаш тӏехь болу цӏерпошт а, тӏайш а лелхийта, дуккха а ахча тӏехь долуш йоьлхучу