Масех де хьалха Зеламхера доцца йаздина кехат кхаьчнера Михеевга:
«Хьомсара государь, Теркан областан начальник. Хӏара кехат йаздийриг хьуна вевзаш волу, масех шарахь Кавказ кхерамна кӏел латто стаг ву. Паччахьо тешам а белла, кхузахь хьаькамаш хӏиттийнчу наха, уггар хьалха ахь, законаш талхадо. Харц, йамарт, хьарам некъашца шайна хьал-бахам гулбо аш, ткъа мискачу халкъан ойла ца йо цхьаммо а. Со маьрша дуьнен чу ваьллера, суна маьрша, машаре ваха лиънера, амма шун а, ӏедалан а харцонаша, йамартлонаша, къизалло обарг вина сох. Цхьа а тайпа бехк-гуьнахь доцу сан доьзал йийсаре а бигна, набахти чу кхоьссина, цигахь бӏарзбина хьийзабо ахь. Нагахь санна и къизалла ахь ца сацайахь, сан доьзал марша ца баккхахь, ас йийсаре вуьгур ву хьо а, хьан йоӏ боху кхахьпа а, хьан нуц Шарль Акс а».
И кехат дешча, цкъа бӏаьргаш чу бода хӏоьттира Михеевна, тӏаккха букъаца шело хьаьдира. Вехха ӏийра иза, саметта ца вогӏуш. Селхана суьдо къайлах кхел йинера Зеламхин доьзал пхеа шарна Сибрех ссылке бахийта. Цхьадика, Зеламхина ца хаьа иза… «Зеламхина хаале хӏокху махкара дӏабаккха беза цуьнан доьзал, – ойла йора Михеевс. – Амма иза сихха кхочушдалур дац. Цунна дуккха а хан йеза. Хӏетталц цуьнан ӏер-дахар дикачу агӏор хийца дезар ду…».
Зеламхин кехат стоьлан гӏутакх чу а тесна, шен гӏоьнча инарла Степанов чукхайкхира Михеевс.
– Зеламхин доьзалан ӏер-дахар муха ду набахтехь? – хаьттира цо, Степанов охьа а хиъна, дӏатарвелча.
– Массо а тутмакхийн санна.
– Хьоьга цхьа дехар ду сан, Николай Иванович. Хан дӏа а ца тоьттуш, набахте а гӏой, оцу доьзалан ӏер-дахар муха ду а таллий, цунна хӏун оьшу хьажахьа. Нагахь санна зударша шайна хӏара-важа оьшу бахахь, царна оьшург латтор набахтин начальникана тӏедиллахьа. Тӏаккха и доьзал ма-хуьллу сиха кхузара дӏабаккха гӏайгӏа бехьа.
– Дика ду, Николай Андреич.
Степанов араваьлча, чувеанчу дежурни эпсаро, ша тӏеэцаре хьоьжуш сени чохь лаьтташ наместникан векал Казаналипов ву, элира.