– Ас цкъа а ӏехийний хьо, полковник? Сан дош мокхазал чӏогӏа ду.
Морганияс, кителан некха тӏерачу кисанара схьа а даьккхина, бӏе сом стоьла тӏе кхоьссира. Юшаӏа, схьа а эцна, лерина дагардина, шалха а тоьхна, хечин кисана таӏийра иза.
– Кхана гӏурбан беттан хьалхара де ду…
– Хаьа суна. Бусалбанаша даьхни дойуш, сагӏа а луш, даздо и денош.
– Аюбан да кхана гӏурбанна старна урс хьокхуш ву. Аюб цӏа кхайкхина цо. Тховса шен доьзалца буьйса йоккхур йу цо.
– Церан цӏенош мичахь ду Атагӏахь?
– Эвла йисттехь.
– Хӏета, хьо дӏаван веза тхоьца. Буьйсанна шийтта сахьт долуш кхузахь хила.
– Дика ду. Амма ас хьалххе дӏахоуьйту, шуна церан цӏенош а гайтина, со цигара дӏавер ву.
Ураме ваьлча, хечин кисана куьг а дахийтина, ахчанан кехаташ пӏелгашца хьакхийра Юшаӏа.
Йочане, цӏемза, шийла дара 1910 шеран февралан тӏаьххьара денош. Цкъацкъа тӏуьна ло дуьллура, тӏаккха шийла догӏа доьлхура. Йа ший а цхьаьнаийна. Тӏаккха цхьацца деношкахь дуькъа дохк хӏуттура, иттех гӏулч генара хӏумма а ца гуш.
Хӏетте а, цхьаццанхьа хьаннийн йистошца лаьттах хьалакъедда сийна буц гора. Цхьацца дитташа а сенарш даьхна, патарш тийсинера.
Оцу йоьхначу буса, буькъа хатт а, нитӏа а кегош, винчу йуьрта Йоккхачу Атагӏа вогӏура Аюб. Кхана гӏурбанан беттан хьалхара де ду. Цуьнан дас Тӏамас хьалхарчу дийнахь даим а бежана дуьй гӏурбанна. Хӏинца а цунна барстийна сту бу цуьнан. Гӏурбанан беттан хьалхарчу дийнахь даим а Аюб цӏахь хила лаьа цунна. Селхана Аюбе хабар тоьхна цо, нагахь санна аьтто нислахь, цӏа вола аьлла.
Ломара охьа Дуби-Эвла кхаччалц говрахь веара иза. Тӏаккха маьркӏажал тӏаьхьа, цигахь доттагӏ волчохь говр а йитина, гӏаш некъ беш вогӏура. Говрахь стаг билгал ма хуьлу новкъахь дуьхьалнисвеллачунна. Сих-сиха соьцуш, эткех летта буькъа хатт охьабожабора цо карарчу гӏожах хьокхий. Буьйса шийла йелахь а, букъа тӏера коч йашош хьацар даьллера. Коча тийсина а, йукъах дихкина а герзаш дазделлера цунна. Йоккхачу Атагӏара чиркхийн серлонаш гучуйевлча, некъа йистехь ӏуьллучу боккхачу тӏулга тӏе охьа а хиъна, настаршка садаӏийтира цо. Цхьадика, церан цӏенош йуьртан сехьа йистехь дара, царал схьанехьа масех цӏа бен доцуш. Боккхачу урамехула цӏа ваха а кхоьрура иза. Лулахойн бошмашкахула ваха дезара.