иккхина да а, хезира ненан ӏадийна мохь а, Абубакар а…
Шаьш тоьхначух ца ӏаьбначу шина гӏалагӏазкхичо цхьаммо коьртах, вукхо дагах тоьпаш туьйхира.
Тӏаьххьара дегӏ озийна, дӏатийра Аюб. Майра, самукъане, забаре, догцӏена, куьце Аюб.
Тӏаккха Аюбан герз схьа а эцна, толаме маьхьарий хьоькхуш, накъосташна тӏевахара ши гӏалагӏазкхи…
Полковника Морганияс боккха толам баьккхира. Бӏе шовзткъе итт гӏалагӏазкхичуьнца го бина, цхьа обарг а вийна. Оцу дийннахь Михеевга рапорт йаздира цо:
«Зеламхин уггар гергарчарех, майрачарех, тешамечарех цхьаъ хилла Тамаев Аюб 1 мартехь, ӏуьйранна сатосучу хенахь, шен хӏусамера вада гӏоьртича, вийна хиларх хаам бо Хьоьга. Оцу луьрачу тасадаларехь цхьа а гӏалагӏазкхи ца вийна, цхьанна а чов а ца хилла. Тамаев Аюбехь № 14148 йолу трехлинейни топ карийна. Цуьнца хиллачу тӏамехь шегара майралла а, даккхий хьуьнарш а гайтира Гӏизлара-Гребенски полкан йолхалгӏачу сотнис. Сан дехар ду Хьоьга Тамаев Аюбан топ оцу полкан музейна совгӏатна дӏайала суна бакъо йалар».
Шен дахаран хӏокху тӏаьххьарчу цхьайтта шарахь дуккха а бохамаш, баланаш лайнера Зеламхас. Халонаш-м хьехор а йацара. Халонаш лан кхоьллина боьрша стаг. Цхьанна тӏаьххье кхин дӏаволуш, деа-пхеа шарахь беллий, байъиний дӏабевлира цуьнан уггаре а гергара нах. Ден да. Да а, ваша а. Ден вежарий а, шичой а. Хӏинца висинарг пхийтта шо кхаьчна Бийсолта а, цхьа шича ӏеламха а ву…
Иштта чӏогӏа ца ӏеткъахь а, дагна ӏеткъара накъостех къаьстича а. Царах ткъа чӏирхоша вийна. Зеламхас а, цара а цхьаьний ловра обаргаллин халонаш.
Амма уггар чӏогӏа цунна ӏаьткъинарг Саламбеках, Аюбах къастар дара. Майра, оьзда, доьналле накъостий бара уьш. Накъостий, доттагӏий алар кӏезиг ду. Уьш тешаме вежарий бара цуьнан. Уггар кхерамечу операцешка оцу шинца воьдура Зеламха. И шиъ шеца волуш кхерам ца гора цунна, паргӏат охьавуьжура, наб кхетара. Оцу шиннах цхьа а къайле йацара цуьнан. Хӏинца и шиъ вац. Зеламха куьйгаш, бӏаьргаш доцуш висина. Ши тӏам боцуш висина.
Накъостех а хаьдда. Доьзал а Сибрехь бу. Цкъа-шозза кехат деана, цул тӏаьхьа шо кхочуш доллу цаьргара хабар доцуш. Царах хӏун хилла а, ца хаьа. Дийна бу йа белла.