къонах ву бохуш, лаьмнашкахь цӏе йахана Зеламха! И хӏунда хоьтту ахь тхоьга? Хӏара санна киртиг тӏехӏоьттича, хьайн накъосташа вовшашна йамартло йича, хьуна муха хетар дара?
Зеламха велавелира.
– Бакълоь хьо, Махьма[6]! Со дохковели, и хаттар дарна. Хӏара оьрси тхайца дӏавуьгу оха. Хӏокхо ша дуьйцур ду, ша мила ву. Дисинарш дерриш а маьрша ду шу.
Цхьана куьйга хӏаваэ хьала а лаьцна, топ кхоьссира Зеламхас. Итт минот йалале говрашкахь схьагулбелира цуьнан накъостий.
– Герз схьалахьаде. Дийна йисина говраш схьалеца. Пайтонаш ата. Хӏара оьрси Пешхон говра хааве.
Шина сохьтехь лаьттинчу тӏамехь атталла мерцхалг а ца даьллера Зеламхин накъосташна тӏера.
Ах сахьт далале гӏуллакх чекх а даьккхина, лаьмнашка дӏабахара уьш.
Морганияс дош деллера Долидзена, эшначу хенахь цунна орца кхочур ду аьлла. Амма иза ца кхечира. Зеламха комиссина тӏелетча, хаам бар тӏедиллинчу суьйлийн жаӏуша и хаам ца бира. Хаам бира, амма Долидзен отряд хӏаллак а йина, Зеламха къайлаваьллачул тӏаьхьа диъ сахьт даьлча.
Тӏаккха Зеламхин лорах тӏаьхьайелира кхо отряд. Ӏаьндара схьа Дагестански полкан шина сотница Котиев а, Гасанилов а, лаамхойн отрядаца Саадуев а, Веданара хьала Гӏизлара-Гребенски полкан сотница Кибиров а.
Тӏом хиллачу меттигана гена сихвелира Зеламха. Чермойн ломана уллора ӏабдуллин-дукъ а хадийна, Ихарой цӏе йолчу суьйлийн йуьртахула а ваьлла, Хойн чӏожахь садаӏа сецира иза. Зеламхин накъосташкахь хӏорангахь а, чевнаш йерзош лелош, дарбанаш а, бинташ а дара. Кхузахь Чикалинан чов а йихкина, цуьнгара лем эца вуьйлира Зеламха. Бетарсолтас гочдора хеттарш а, жоьпаш а.
– Хӏинца дийцал, хьо мила ву?
– Подполковник Чикалин.
– Балхахь мичахь вара хьо?
– Ботлихехь. Некъийн инженер.
– Комисси йукъахь вара хьо?
– Вацара. Сан отпуск йу. Комиссица Россе ваха новкъа ваьллера со.
– Шарль Акс вевзий хьуна?
– Селхана вевзинера. Нийсса аьлча, селхана гинера.
– Тахана байъинчу инженерашна йукъахь варий иза?
– Вацара.
– Комиссица вацара иза?
– Вара. Иза новкъа йолуш, цунах дӏа а къастийна, Темирхан-Шура вигна иза. Цигара дӏа Буритӏа гӏур ву.
Оьгӏазвахана, цергаш хьакхийра Зеламхас. Михеевн нуц шен буйнахь