буьйса йаккха цӏа веача, пхоьазза йолу топ а, ворхӏазза йолу тапча а, бомба а йара. Дукха хан йалале Къоьзан-ӏома уллохь а, Чермойн ломахь а тӏом хилла аьлла хезча, Соипах хилларг ца хууш, дуьне гатделла, бӏарзйелла хьийзира Деши. Цхьадика, цигахь дийна висинера Соип. Мичахь ву а, цунах хилларг хӏун ду а, ца хаьа.
Дешина ша ирсе хетта масех шо чекхдаьллера. Хӏинца Аминат а, ши кӏант а гича, дог ӏаьвжара цуьнан…
Къоьзан-ӏома уллохь байъинчу дошлойн, салтийн, некъан белхалойн доьзалшна гӏоьнна ӏедало нохчийн йарташкара итт эзар туьма ахча даьккхича, огӏазвахана, дог карзахделира Зеламхин. Цо динчунна бехке халкъ ма дац. Хӏунда хьийзадо ӏедало бехк-гуьнахь доцу миска халкъ? Кертахь оьшучунна кхоош, шерашкахь кепекаш тӏекӏелйохкуш, наха хьацарца гулдина ахча цаьргара дӏадаьккхина! Ахча доцчун кертара кегийчу берашна шурин тӏадам боккхуш хилла тӏаьххьара бежана, газа-уьстагӏ дӏадигна. Уьш а доцчеран хӏусамашкара миска сал-пал дӏайаьхьна. И сал-пал аукционе йаьккхича, цхьаммо оьцур йоций хуъушехь. Хӏуьттаренна. Иза хууш, цхьаболчу нехан сал-пал, кертахь тӏекӏел йуттуш, йагийна. Хӏуьттаренна. Зударий, бераш делхош. Хӏуьттаренна. Дуккха а йарташкахь цхьаболчу нехан цӏенош дагийна. Цӏерш туьйсуш а, чу бомбанаш кхуьйсуш а. Обаргашна гӏо динчу нехан. Обаргашна кхача беллачу нехан. Зударий, бераш делхош. Борз санна, тӏедогӏучу шийлачу ӏай чубаха хӏусам, кӏелхӏитта тхов боцуш, уьш йерзинчу стигала кӏел буьтуш.
Хӏан-хӏа, Зеламхас бекхамза йуьтур йац ӏедалан и акха къизалла. Цо къинхетамза бойур бу и къизалла лелийна хьаькамаш, салтий, гӏалагӏазкхий, дегӏастанхойн дошлой. Моргания, Кибиров, Донагулов. Тӏаьхьарниг вуьйр вац. Цуьнан вешина тӏехь диннарг дийр ду. Иза дина а ӏийр вац. Схьа а лаьцна, воӏур ву. Уггар хьалха ден дезарг и Кибиров боху хӏирийн зуд ду. Цхьана йоццачу хенахь Ведана-округан начальник лаьттина иза. Цига кхин хӏоттаваллалц. Хӏинца кхин ву начальник. Подполковник Каралов. Муьлхачу къомах схьадаьлла ца хууш, цхьа къутӏа. Мекара ду хӏара ӏедал. Хьалха оьрсийн эпсарш хилла, боху, кхузахь нохчашна и тайпа таӏзарш деш. Тӏаккха къизалла лело царна