Асхьаб, цӏа а ца воьдуш, къайллах оцу стагана тӏаьхьавахара. Йуьртара араваьлча, цкъа саца а сецна, гондӏа бӏаьрг туьйхира цавевзачо. Тӏаккха Хулхулон тогӏица хьала лома волавелира. Цкъацкъа, садаӏа санна соций, хьалха а, тӏехьа а бӏаьрг тухура цо. Хорачана кхо чаккхарма гена ваьлча, Хулхулон тогӏи чохь сецна а ӏийна, йукъа хан йолуьйтуш, кхузза тайп-тайпанчу озехь шок туьйхира, тӏаккха тӏулган бердах йаьхначу киртигашна тӏехула лома хьалавелира.
Асхьаб йухавирзира. Хӏинца иза цхьана новкъа ваьлла. Дисинарг тӏаьхьа толлур ду цо. Асхьабана хаьара цавевзарг хьалаваьллачу ломах хьех хилар. Муха ца хаьа, бераллехь, Зеламха а цхьаьна, уьш хийлазза оцу хьехахь левзина хилча. Хӏинца иза шеквара Зеламха цигахь къайлаваьлла хиларх. Амма цхьа а шеко ца йуьтуш, тешам боллуш талла дезара и гӏуллакх.
Шолгӏачу дийнахь шен тоьпаца талла воьдучуха оцу агӏор лаьмнашка вахара Асхьаб. Хулхулон тогӏи чухула хьехана кӏел ца воьдуш, хин вукху агӏор, хьехана дуьхьал болчу лома тӏе хьалавелира. Цигахь, цхьана торхана тӏехьа а лечкъина, хьехе бӏаьрг туьйхира цо. Хьехан бертиг къевлина йара серагех дуьйцинчу зӏараца. Хьехан бертиган лакхенца халла хаалуш кӏур бара арашершаш. Легӏанчу бердах йаьхначу киртигашна тӏе диллинчу лай тӏехь адаман когийн керла лараш а гора.
Хӏинца дерриг а гуш дара. Хьехахь вехаш стаг вара, иза Зеламха бен хуьлийла а дацара. Амма цхьа а тайпа шеко ца йита, оцу хьеха лела стаг мила ву хаа дезара цунна. Кхаа дийнахь Хорачахь, Веданахь, Дишни-Веданахь, Эшалхотехь шен гергарчу нахехула теллира цо, хӏокху агӏорхьара а воцуш, ткъе итт шо хенара стаг гиний шуна кхузахула лелаш бохуш, хоьттуш. Эххар а цхьаъ карийра цунна иза гина а, вевзина а. Мичара ву а, цӏе а ца хаьара цунна, пхи-йалх шо хьалха Ведана набахтера Соьлжа-Гӏала дӏавуьгуш, Зеламхас салташкара схьаваьккхина жима стаг ву, бохура.
Цул тӏаьхьа масех дийнахь синтем байна хьийзира Асхьаб. Цуьнан даг чохь хьогӏо а, сутаралло а къуьйсура. Зеламхин коьртах берхӏитта эзар сом совгӏат кхайкхийна ӏедало. Амма иза дийна йа вийна шена тӏевалийначунна. Асхьабе йа дийна а, йа вийна а дӏавалалур вац иза.