сецира, вист ца хуьлуш. Бераллехь дуьйна хи ца даьлла цуьнан бӏаьргаш цкъа тӏунделира, логашад хьала-охьа сихбелира, бӏаьргаш чуьра комаьршша хиш охьахьаьлхира. Оцу цхьана минотехь цунна хьалха хӏиттира къиза тӏом, йогу йарташ, бӏаьхойн, зударийн, берийн декъий, хьере хилла ӏоьху даьхни, угӏу жӏаьлеш, бӏарзделла хьийза адамаш а. Ӏаьлбаг, ӏумма, Берса, Болат, Къайсар, Коьра, Дада. Къена Мӏаьчиг а, Васал а. Царах цхьа а дийна вац. Байъина, белла, Сибрехь доьза байна…
Хӏокху декъазчу Дешин санна, Овхьада ткъе ворхӏ шарахь кийрахь сецош ӏаьӏна къаьхьа бала, кийра буьзна, тӏехбеана хьалагӏоьртина, легашкара дуьхьало а хадийна, узаршца схьахецабелира. Деши мара а къевлина, шен дагна маршо йелира цо. Белшаш йегош, гӏара йоцуш, тийна вилхира иза. Бераллехь дуьйна тховса дуьххьара…
Овхьадана хатта лууш а, хаа лууш а дуккха а дара. Амма Дешин деган чевнаш ша карзахйахарна кхоьруш, хеттарш дан ца хӏуттура. Йилхина, шен дог а ӏабийна, Дешис ша дийцира цунна оцу ткъе ворхӏ шарахь Гати-Юьртахь хилларш а, лелларш а.
– Гӏаттам хьаьшначул тӏаьхьа, дуккха а нах лоьцуш, Болат а лецира. Дуьххьара Ведана вигира, тӏаккха – Соьлжа-Гӏала, цигара дӏа
Буритӏа а вигна, масех баттахь набахтехь валлийра. Хӏетахь Соип кийрахь вара сан. Болатах къаьстича, дог а иккхина, со лийр йу, моьттура суна. Дийнахь а, буса а наб ца кхеташ, кхачанах а хаьдда, бӏарзйелла, кӏелйиса йоьлча, кхин хӏун дийр ду а ца хиъна, ӏелин ӏумарца Буритӏа йахара со. Цигахь цхьана хӏиричуьнга уггар лакхарчу хьаькаман цӏарах дехар йаздайтира ас, сан дегӏаца доьзалхо ву, Болат воцург, сан доладан цхьа а верас а вац, иза, къинхетам бай, маршаваккхахьара аьлла. Нагахь санна иза маршаваккха йиш йацахь, цуьнца цхьаьна со набахтехь а йитахьара, Сибрех а йахийтахьара аьлла. Хьаькам чохь волчу цӏенойн кевнехь шина дийнахь лаьттира тхойшиъ, и дехар хьаькаме дӏадала стаг ца нислуш. Эххар а хьаькам волчу воьдучу цхьана къинхетамечу оьрсичо шега дӏаийцира сан дехар. Цхьа сахьт даьлча йухавеанчу оцу оьрсичо элира, сан дехар кхочушдан шен бакъо йац, боху хьаькамо, аьлла. Иштта, Болатца цхьаьна набахти а ца йитира со, Сибрех а ца йахийтира. Ткъе ворхӏ шо