Зеламхас шен топ охьайиллира. Масех минот йалале, хьуьхьвоьлла, халла садоьӏуш, хьехан бертехь сецира стоммачу дегӏара цуьнан ден маьхчин кӏант Асламха. Зӏар дӏа а теттина, иза хьеха чу валийтира Зеламхас. И шиъ мараиккхира. Зеламхас доцца хьал-де а хаьттира.
– Дукха буй и Делан мостагӏий?
– Дукха бу, Зеламха. Хорачахь бӏе гӏалагӏазкхи а, бӏе ца кхоччуш гӏашсалтий а бара. Тахана ӏуьйранна сатоссуш, Веданара кхин тӏе а баьхкина. Масех бӏе гӏалгӏазкхи а, гӏашсалти а. Шайн коьртехь Каралов а волуш. Кхин цхьа полконак а. Оццул сиха муха карийна а, хаац, хьан чӏирхой а бу цаьрца. Салташа тогӏи а, хьалхара лам а, лакха тӏера лам а дӏалаьцна. Хьуна го бина, Зеламха, тӏомаваьлла а, хьо кӏелхьарвалалур воцуш.
– Хьо хӏун дохьуш ваийтина?
– Дуьхьало ца йеш, каравола, боху хьоьга Караловс…
Зеламхас кхидӏа ца дийцийтира.
– Кхузахь со цхьаъ ву ала оцу гӏизбе полковнике. Хьо боьрша велахь, со схьалаца ала. Россера дерриг эскарш схьадаладе ала. Бусалбанаш ма балабе, оьрсий, керстанаш балабе ала. Дийна а волуш, со лоцур вац ала.
– Цара вуьйр ма ву хьо, Зеламха. Уьш берриг а байа хьуна патармаш тоьур ма дац. Патармаш кхачийча, хӏун дан воллу хьо? Хьан кхача а ма бац шина-кхаа денна бен. Тӏаккха, мацалла бӏарзвина, лоцур ма ву хьо…
– Суна са ма гатде, Асламха. И Делан мостагӏий байа тоьур долуш патармаш ду соьгахь. Хӏетталц баа кхача а бу, мала хи а ду. Дӏагӏо. Сан жоп дӏакхачаде полковник бохучу оцу зуьде.
Ша хьехара аравалале Зеламха маравоьллира Асламхас. Кхин иза дийна шена гур вац аьлла.
Хьеха тӏе тоьпаш йеттар эрна дара. Бертехула чу-м йетталора дӏаьндаргаш, амма Зеламхина шортта меттиг бара царах ларвала. Цхьана есауло гӏалагӏазкхий бахийтира, ча а, йекъа жӏолмаш а йан. Уьш хьехан бертиге а йоьттина, царах цӏе а латийна, хьеха чохь Зеламхина кӏур бан. Амма лакхара охьа чутуьйсу жӏолмаш а, ча а, хьехан бертехь ца совцуш, шершаш, лаха тогӏи чу охьаоьхура.
Иштта эрна кхийссарш йира шина сохьтехь. Кхузахь йоккха топ йезара хьеха чу йетта. Цул совнаха, шен тӏеман ницкъаш кӏезиг а хетара Караловна. Операцина тӏехь куьйгалла дар подполковникна Мокрицкийна тӏе а диллина, Соьлжа-Гӏала ваха новкъа велира иза.