Вай кхин некъаш лаха ма деза. Хьекъале, машаре. Соип-Моллас а, ӏаббас-Моллас а аьлларг цхьана агӏор нийса делахь а, вукху агӏор галваьлла и шиъ. Аш схьалаьцна некъ къомана бохаме бу, аш байарх паччахьан хьаькамаш а, салтий а кхачалур бац, паччахьан ӏедал а духур дац, аш оьрсашна, гӏалагӏазкхашна талораш дарах, бекхам а хир бац, уьш вайн махкара ара а бевр бац, аш лелориг шариӏатана дуьхьал ду, и некъ дӏатасахьара аш алар а ша дара. Амма Зеламха халкъан мостагӏ ву, иза вийначунна, цунах халкъ маршадаьккхинчунна Делера йал хир йу бахар йамартло хета суна.
– Бакъ ду иза. И къамел Зеламхе шегга динехьара дика хир дара. Йа нохчийн цхьана гуламехь. Ткъа мостагӏчун ӏедалан барта, цуьнан лаам кхочушбарца шен къоман стаг сийсазвеш, цунна дуьхьалваьлларг йа кӏилло, йа мостагӏчунна вохкавелла хила веза.
– Зеламхе дуккха а наха баьхна, хьо бахьана а лоьцуш, ӏедале нахана бохамаш ма байта. Соип-Моллас а, кхечара а. Ас а дина и къамел. Хьо маьрша вита дош а даккхий, ӏедална тӏе гӏо. Ца гӏахь а, хьаькамаш байар а, талораш дар а дита.
– Аьрстхойн Саламбека диннарг дахьара цо.
– И ца лаьа Зеламхина. Шен ден да, да, ден вежарий, вежарий, шичой байарна ӏедална огӏазвахана иза. Шен дегӏа чохь са мел ду, халкъан мостагӏех бекхам оьцур бу ша, олу цо.
– Хӏета цо а, и санначара а и шаьш схьалаьцна некъ дӏа ца тасахь, вайн халкъ даим балехь, бохамехь лаьттар ду. Иза а, важа а хилийта бахьанаш мостагӏчунна дуьйлуьйту цхьаболчу нохчаша. Ткъа жимма а нохчашкара бахьана даьлча, оьрсийн ӏедало вайн халкъ, бӏарздой, хьийзадо.
Тӏаккха цаьршиннан къамел дукха хан йоццуш Хорачахь хиллачу бохамна тӏеделира. Кхабар йуьртана тӏедожийна кхуза балийна гӏалагӏазкхий талораш дан а, зударшца эвхьазбийла а боьлча, царна дуьхьало йинера бахархоша. Церан коьртехь вара йуьртден гӏоьнча Амин Товсолта. Шиний агӏорхьарчара герз тоьхча, цхьа гӏалагӏазкхи вийнера, шинна чевнаш йинера. Амма алсам бохам хорачошна хиллера. Оцу девнехь Товсолта а, Бацигӏарах да а, ши кӏант а, лулара жима йоӏ а дийнера.