Аравала дагахь хьала а гӏеттина, шена тӏе бедарш йуха хӏоьттира иза. Амма хӏара лелла валале керта-арахь нехан къамелаш хезира кхунна.
Неӏарх хьалха чуваьлла Доша, ӏелига салам а делла, шена тӏаьхьа вогӏучу хьешана некъ буьтуш, дуьхехь сецира.
– ӏела, хӏара Зеламха ву. Хьо ган а лиъна, схьавеана хӏара.
Ӏелина тӏевеара верта а кхоьллина, бӏаьргаш а, мара а бен ца гуш, боьмаша башлакх хьарчийна, йуккъерчу дегӏара стаг.
– Ассалам ӏалайкум, суьйре дика хуьлда хьан, ӏела!
– Ва ӏалайкум салам, марша вогӏийла хьо а, Зеламха, – куьг кховдийра ӏелас.
– Маршалла хуьлда хьуна а, ӏела, – шен ондачу, доккхачу шина куьйга йукъакъевлира цо ӏелин куьг. – Даийта дика а долуш, Дала вон ма доуьйтийла кху хӏусамашка.
– Дала могаш-маьрша, диканца дукхавахавойла хьо а. Дала йуьхьӏаьржонах, йамартлонах, тешнабехках ларвойла хьо. Делахьа, ма дика ду, Доша, шу даьхкина. Же, дӏайаккхалаш тӏера сов-ков хӏума. Охӏ, Дала догдика де шуьшиннан…
Тӏекхоьллина верта а, коьртах хьарчийна башлакх а цо дӏайаьккхича, коьртера когашка кхаччалц Зеламхе бӏаьрг туьйхира ӏелас. Йуьхьиг охьа а йерзийна коча тесна дошлойн топ, некха тӏехь морзахйохуш йихкина патармийн кхо гӏап, йукъахйихкина кхелина шаьлта, ши тапча.
– Хӏоккхуза валий, охьахаал, Зеламха. Товханна уллохьа. Доша, хьайна а цхьанхьа охьахуийла таръехьа. Ӏусман, шайн нана могаш йац аьлла йахара Медана. Кӏант вахийтахьа цунна тӏаьхьа.
Йукъахара схьадаьстина цхьадолу герз Дошега дӏаделира Зеламхас, амма, ша охьахууш, топ шена улло дӏахӏоттийра. Бехкалдаханчу цуьнан бӏаьргаша шера схьабохура: «Хьох-м тешара со, хӏусамда, амма хьо доттагӏ хиларх, мостагӏий дуккха а бу сан. Уьш ма бу даим сема, сакх, ас дӏа мел боккху ког тергалбеш. Хьанна хаьа, хӏокху минотехь уьш хьан цӏенна тӏетекхаш бу-бац? Иштта ду обарган дахар – нехачул бӏаьрг сирла, лерг сема, хьекъал ира, куьг каде, массо хӏуманах ларлуш хила веза иза».
– Тӏаккха, Зеламха, доьзалера хабар дуй? Хьан могашалла а муха йу?
– Дала могаш-дика кхобу со-м, ӏела. Доьзалера хабар а дац. Шу хоьттуш ӏийра со-м ӏусмане.
– Дала деллачу хьолехь дохку тхо а.