Оьрси хилчахьана, цуьнан бакъо йу оцу чохь ваха, ткъа нохчочун – иза эпсар йа цхьа цӏармат йелахь. Муьлш бу цу чохь бехарш? Кхахьпанаш! Эхь-бехк а, оьздангалла а йайна кхахьпанаш. Дийнахь-бусий хаддаза маларш муьйлуш, кехатех ловзуш, оьзда мел доцурш лелош! Вайнехан эпсарш бохий ахь, цаьрга терра лела гӏерташ, царал а тӏехбевлла, гуттар а цӏармат лела. Изза ду Шуьйта- гӏопехь а, кхечухьа а. Оцу гӏаьпнаш чуьра араоьхучу боьхачу хьожано бехдина хӏара вайн лаьмнаш.
Йуьхьанца оццул сапаргӏатчу Зеламхин аз, тӏаьхь-тӏаьхьа айалуш, чӏагӏделира, ткъес деттара оьгӏазлонах дуьзначу бӏаьргаша.
– Иза йу ӏедало вайна латто харцо, къизалла, вай сийсаздар. Иза ду, ӏела, нах цунна тӏеберза цабуьтург, со араваьккхинарг. Цо лерац вайн дайн гӏиллакхаш. Вайн ваьшлахь луьсту долу гӏуллакх шайга а оьций, дерзоран метта, довхошна йуккъе мостагӏалла дожадо. Йуьртан коьрте муьлш хӏиттабо ӏедало? Нийсо йен йолу хьекъале, оьзда нах ца хӏиттабо. Даккхийчу тайпанех, хьалдерг, харц-бакъ ца хьехош, шаьш дӏакховдийнарг ден дерш хӏиттабо. Иштта бу массо йуьртдай а, къеданаш а, молланаш а. Церан гӏоьнчий бу гайнаш йуьзнарш. Уьш берриг а ӏедална бохкабелла нах бу. Уьш шегахьа болу дела, вайн мостагӏий болу дела ӏедало вайна тӏехӏиттийна. Церан цхьабарт бу! Тхуний, тхан захалшний йуккъе деана дов иштта гена дер дацара, тхан а, махкатӏхойн а йуьртдай йукъа ца боьллехь. Цара къайлах лелийнчу хӏуьцӏ-пӏуьцӏалгаша доьллира тхуна йуккъе мостагӏалла. Цара тхох а, оха царах а цхьацца стаг вийра. И шиъ дуьхь-дуьхьал а лерина, тхо нисделлера. Наха тхуна йукъахь машар бичахьана, дӏадолуш гӏуллакх дара. Амма ӏедал дуьйлира йукъа. Тхан йуьртда а, пурстоп Чорний а. Йуьртдас пурстопана тӏе мотт баьхьнера, цо тхо Ведана дӏадийхира. Пхи стаг. Тхан да а, со а, ден вешин ши кӏант ӏеламха а, ӏизраил а, Солтамурдан доттагӏ Ушурма а. Дахара тхо, карахь герз а доцуш, тхайна тешнабехк, йамартло йийр йу аьлла дагахь а доцуш. Ӏедал ӏаддаӏийчахьана, иза дӏалистаделла даьлла гӏуллакх хеташ. Попан баролал чоьхьа, салташна йуккъехь майравелира Чорний. Когаш, куьйгаш дехкийтина, суна тӏара туьйхира…