цӏе йолуш, доттагӏ вара шен, бохура цо. Хонкарахь мацалла леш йоллучу шен нанна кемсийн кан баккха, буса туркойн беша ваьлча, цара къиза вийна хиллера иза. Нагахь тхойшиннан кӏант хилахь, цунна Соип алий цӏе тилла, йоӏ хилахь, шен ненан Хедин цӏе тилла аьлла, тӏедиллинера цо суна. Болат лаьцначул тӏаьхьа Соип дуьнен чу велира. Тӏаккха ши шо даьлча нана, цул тӏаьхьа пхи шо даьлча, да дӏакхелхира. Хьуна ма хаьа, сан ден, ненан, со цхьа йоӏ бен, кхин бер цахилар. И шиъ дӏакхелхича, верас воцуш, гӏаж санна, цхьана йисира со. Шелара Болатан гергара нах тхойша цига дӏадига гӏоьртира. Суна ца лиира. Шичой-маьхчой бацахь а, сан гергара нах Гати-Юьртахь ма бара. Болат а цигахь кхиънера. Гатийуьртахоша дика дола а динера цуьнан. Аьрзун, ӏелин, Маккхалан доьзалех шен йиша-ваша а тардина, ӏийнера Болат. Цундела, уггар хьалха, царах къаста а ца лаьара суна. Ӏелин кӏанта ӏусмана а, Аьрзун кӏанта Мохьмада а керт-ковхь гӏо дора суна. Кха а охура, йалта чудерзош, докъар кечдеш, цӏа дохьуш, дечиг дохьуш, кхин деш а гӏо дора. Ша воккха хилча, Соипа и гӏуллакхаш шен кара лецира. Делахь а, мел къахьегарх, ког метта ца хӏуттура тхойшиннан. Зуда йало таро ца хуьлуш, хенал тӏехвелира Соип. Хӏора шарахь Теркал дехьа гӏалагӏазкхашна йолах болх бан боьлхура вайн эвлара цхьа нах. Шина-кхаа шарахь болх бича, бахам а тарлора церан. Соипана цаьрца ваха лаьара. Со дуьхьал хуьлура. Цхьаъ бен воцу кӏант цига вахийта кхоьрура. И сан кхерар эрна ца хиллера. Эххар а пурба делира ас цунна. Йуьртара а, гондӏарчу йарташкара а нах боьлхуш хилча, Делан кара а велла, вахийтира. Цхьана-шина шарахь болх бича, мотт-гӏайба а, кертахь кхин оьшург а эца, зуда йало а аьтто хир бац-те аьлла. Гӏаддайна вахийтира. Тӏаккха со кхийринарг хилира…
Шозза-кхузза цхьакӏеззиг бепиг а, нехча а кхаьллина, йисинарг Овхьаде дӏакховдийра Дешис.
– Бӏаьстенан йуьххьехь дуьйна гуьйре шелйала йоллалц, ворхӏ баттахь, дийнахь а, буса а бохург санна, са ца доӏуш, болх бира Соипа цигахь. Ӏа герга гӏоьртича, цӏа ван ойла хилла, гӏалагӏазкхичуьнга шена йогӏу йал схьайехна хиллера цо. Амма гӏалагӏазкхичо, цхьа сом а ца луш, боьха йаппарш йина, кертара араваьккхинера.