Иза хӏокху махкахь болуш а. Хьуна хезна хила мега, стохка Сибрех бахийтина иза.
– Хезна суна. Боккха буй хьан доьзал?
– Сан хӏусамнана а, пхи бер а ду. Вешех Солтамурдах йисина Зезаг а, цуьнан кӏант а. Ши зуда а, йалх бер а. Ойла йехьа, ӏела, генахь, пана махкахь, боьршачу нахана а халчу Сибрехь – йалх бераца ши зуда. Оьрсийн мотт а, йоза-дешар а ца хууш.
– Кехат догӏий цаьргара?
– Шозза деана. Ах шо ду ца догӏу.
– Мичахь бу уьш?
– Минусинск олучу меттехь. Муха мохк бу-те иза? Хьо хиллий цигахь? Цхьакӏеззигчу хенахь Сибрехь хилла со. Амма и Минусинск йуьйцу ца хезна суна.
– Со а ца хилла Минусинскехь. Цунна малхбалехьа, Нерчинскехь, йаьккхина ас сайн дукхахйолу хан. Оцу шинна йуккъехь, герггарчу хьесапехь, кхузара дӏа, Хонкара санна, некъ хир бу. Тӏаьххьара деаначу кехато хӏун бохура?
– Йоккхахчу йоӏа йаздинера иза. Шаьш могаш а ду, цигара оьрсий чӏогӏа дика а бу шайца бохуш. Сох лаьцна газеташа йаздинарг доьшу, бохура, цигарчу оьрсаша. Цара шайн цӏа хьошалгӏа а кхойкхуш, сох лаьцна хабарш дуьйцуьйту, боху. Цхьана меташкано шайна оьрсийн йоза-дешар ӏамийна, боху. Массарна а гӏеххьачул оьрсийн мотт а ӏемина шайна, боху.
– Хӏаъа, вайна чӏогӏа оьшу оьрсийн мотт а, йоза-дешар хаар а. Иза ца хуу стаг хьайбанах тарло, вайн махкара араваьлча. Ткъа ӏедало вайн бераш ӏамо ишколаш ца йоьллу йарташкахь. Дуьненан ӏилманна тӏе ца кхочуьйту нохчий. Бодане стаг ӏехо атта ма ду. Зуламе гӏуллакх серлонгахь ца дало. Амма кӏез-кӏезиг вайна йукъара а буьйлу дуьненан ӏилма ӏамийна нах. Бакъду, уьш цхьаберш ӏедало ша ӏамабо. Ишттанаш, ӏедалехьа а бовлий, вайн халкъана коьшкала ховшу. Даим хир дац иштта. Мостагӏийн карахь делахь а, ӏилманах пайда хилаза дуьсур дац халкъ. Вайн халкъана дуьненан ӏилма оьшу. Ӏедале, хьолахошка ша ца ӏехадайта. Цара шена тоьхначу буржалех маршадала. Вайна бусалба динан ӏилма а оьшу, садоӏу хӏаваъ санна. И ӏилма кӏорггера цахаар бахьана долуш, шариӏатана йуьстахдуьйлу вай. Дала хьанал динарг а, хьарам динарг а къасто ца хаьа. И ши ӏилма халкъана хаахьара, хӏара таханлера зуламаш а, бохамаш а хир бацара вайн махкахь.
Дуьйцурш ца кхачош, пхьуьйра-ламаз тӏехтилийтира цаьршимма. Буьйса йуккъе йахча, ламазана хӏоьттира.