Шина жандармо хӏокхарна тиша кетарш, валенкаш, лергаш долу кхакханан куйнаш делира. Тӏаккха кеман тӏера чу а биссийна, шишша говр йоьжначу шина салаза а ховшийна, новкъа бевлира. Новкъахь, йуьрта кхаьчча, говрашка са а доӏуьйтуш, хӏорш салазаш тӏехь а буьтий, шаьш трактира чу боьлхура жандармаш. Оцу чуьра арабевлча, бӏаьргаш цӏийлой, самукъадолий хуьлура уьш. Цкъацкъа Бецигӏарна бепиг йа булочкаш йохьура цара. Амма иштта йурт, атталла, жима кӏотар а, йа цхьа а цӏа доцуш, масех сохьтехь некъ бен денош а нислора.
Тӏейуьйхина кетарш, коьрта техкина корталеш, куйнаш делахь а, бераш шеллора. Дӏакъовлаза йисина беснеш, марош зийзадора шелоно. Шина зуцчо-м садеттара шелонна а, мацаллина а, набарна а. Берашна хала дара. Кӏадделлера, наб йайнера. Дийнахь наггахь кхоллучу бепиган йуьхках а, булочкех а кхачо ца хуьлура, мацалла дӏа ца туьйра. И некъ кхидӏа бахбеллехь, берех хӏун хир ду, ца хаьара шина зудчунна.
Эххар а шаьш ссылкехь латто билгалйинчу меттиге дӏакхечира уьш. Енисейски губернерчу Минусински уездерчу Ермаковка цӏе йолчу йуьрта.
Сибрехара йерриг йарташ санна, тайгахь, доккха доцчу хин йистехь, хьуьна чохь маьӏ-маьӏӏехь даьржина цӏенош долуш, оцу агӏор йоккха йу ала мегаш йурт йара Ермаковка. Йуьрта йуккъехь, лекха цхьа момсар а йолуш, ханнех йина килс йара. Цунна гонаха алссам а, луьста а дара цӏенош. Кхузарчу цӏенойх цецбевллера Бецигӏар. Цхьа а хьостам ца тухуш, арахьахула поппар а ца хьохуш, стаммийчу ханнех динера уьш. Цхьа гӏат а, ши гӏат а долуш. Хӏорш ши гӏат долчу цӏеношкахь лахарчу гӏатехь дӏатарбира. Хетарехь, меттигерчу ӏедало оцу гӏуллакхна хӏусамдена мах белла лецнера и цӏенош. Хӏусамдай шаьш къастийна динчу кегийчу цӏенош чохь бехаш бара. Суьйранна Бецигӏарна мотт-гӏайба а, хи латто дечигах дина чийлак а, цӏе лато дечиг а охьадиллира цара, тӏаккха шаьш кечбина кхача а хӏоттийра.