– Эрна дина гӏуллакх ду иза. Шен доьзал ссылкехь болуш, жимма йухаваьллера Зеламха. Оцу шина шарахь хӏара ду ала доккха зулам ца даьллера цуьнгара. Инженерийн комиссина тӏелатар динчул тӏаьхьа дӏатийнера. Зикристаш меттахбевлла, боху. Балканашкарчу вайн вежарийн-славянийн туркошца тӏом болабелча. Иза дуьххьара дац. Хонкаран, Россин йукъаметтигаш ийгӏича, тӏом хила гергабахча, йа тӏом болабелча, нохчашна йуккъехь шайн пропаганда жигарайоккху туркоша. Макка боьлхуш а, цӏа богӏуш а Хонкарахула чекхбовлу нохчий. Коьртачу декъана цаьрца болх бо туркоша, царал совнаха, Нохчийчу шайн эмиссараш бохкуьйту. Ахь тидам биний, оьрсийн-туркойн тӏом мосазза хуьлу, нохчий гӏовтту? Ламанан кхидолу халкъаш ца гӏовтту, нохчий гӏовтту. Кхетамна тӏаьхьабисина нохчий, шайга хаза хабар дийцича, атта теша, ӏехало. Йуха а боху ас, Зеламха разбойник вац. Иза разбойник вара шийтта шо хьалха. Хӏетахь цо оьрсий, нохчий талабора, бойура. Лаьцна, набахти воьллича, цигара ведира иза. Цул тӏаьхьа нохчий ца хьабора цо. Амма оцу махкарчу гауршна ницкъ бора. Хӏинца иза нохчийн имам ву. Цундела ша динчу зуламашна цхьа а тайпа таӏзар доцуш, маьрша лела. Иза ларвеш ши бӏе шовзткъе итт эзар нохчо ву. Оьрсий, шен халкъан мостагӏий талабо цо. Къинхетамза хӏаллакбо шайн халкъах бевлла йамартхой. Цуьнан дӏаьндаргана кӏелхьара ца бовлу уьш, гӏуллакхера а, оцу махкара а дӏабевлча а. Изза до цо оьрсашна а. Цо вен кхел йинарг вала веза, иза миччахь велахь а. Вайн салташца къинхетаме ву Зеламха. Цунна хаьа уьш шайн лаамехь Нохчийчу богӏуш цахилар. Ткъа хьаькамаш а, йолахой а къинхетамза бойу. Зеламха дӏатийна, наб кхетча санна, амма вай, оьрсий, нохчийн фанатизм марсайаьллачу, туркойн йатаганаш кӏел вайн вежарийн-славянийн цӏий ӏеначу муьрехь наб кхетта ӏахка ца деза. Нагахь санна 1877–1878-гӏий шераш нохчаша карладаха ца лаахь.