Къонах бохамехь вевза.
Ф. Вольтер
И аьхке а дӏайахара, Гати-Юьрта хӏара ду аьлла, керланиг ца дохьуш. Цхьа кӏира хьалха регӏа баханчу нахана ӏаьрчхехь, до санна вистина, шен тоьли чохь велла ӏуьллуш карийра Мусха. Иза тийна дӏа а воьллина, цхьана дийнахь тезет-белхар а латтийна, бутт балале вицвира наха.
Крымера схьа кехат деара Мударан а. Шаьш могаш ду, болх къинхьегаме а бац, ӏелас бийцинчу помещикийн бахамаш ларбичахьана, даа-мала а, тӏедуха а ду. Амма сагатло. Делахь а, сатоха деза. Тӏелаьцна хан чекх ца йаьлча, цӏа догӏийла йац. Шаьш бертахь йа бертаза цӏа дало нохчийн йарташна тӏера шайна тӏаьхьаваийтина Гермачигара Визин Хьомстха, лаьцна, цигахь набахти воьллина бохуш, йаздора цо.
Ӏусманца ирзе а вахана, суьйранна чувеанчу ӏелина цӏахь шега деана кехат карийра.
Бӏаьрг ма-кхийтти, хиира цунна, иза шен накъосташкара дуйла.
Кехат Николазера дара.
Цо хӏун йаздо хьажа сатесначу ӏелас, тӏера сов бедар дӏа а йаккхале, туьлуш лаьтта ламаз а дитина, охьахиъна, конверт схьайиллира.
«Суна хаьа, со тийна ӏарна хьо оьгӏазвахана хир вуйла. Хьуна ма хаьа тхоьгара хьал, тхо тхешан лаамехь нах цахилар. Бехк ма биллалахь суна.
Оха хьоьга йийцина зама тӏекхача герга йу. Йерриг Россехь йаккхийчу шахьаршкахь белхалой герзаца гӏовтта кечлуш бу. Кху аьхка дуьйна хьолахошца къийсам латтош бу тхан ахархой а. Хьуна уьш дерриг хууш хила тарло. Революцин байракха кӏел, маршонехьа латточу къийсамехь цхьаьнакхетар ду вайн мехкан дерриг а къинхьегаме адамаш. Тхоьца хир бу оьрсий, гуьржий, эрмалой, азербайджанцаш, украинцаш, ламанхой, кхиберш. Церан массеран ӏалашо цхьаъ йу: дерриг халкъашна ирсе, токхе, нийса дахар кхоллар. Амма хьоладайшкахь хӏинца а боккха ницкъ бу. Цара питанаш туьйсу къаьмнашна йуккъе. Йамарт а хилла, тхох дӏакъаьстина тхан партехь болчу нехан цхьа тоба. Царах меньшевикаш олу. Большевикех бен ма тешалахь, уьш бу хьуна къинхьегамхошна, къаьмнашна маршо а, нийсо а лоьхурш. Ткъа Ленинах, оцу башхачу стагах, ас дуьйцур ду хьуна, вай вовшахкхетча.
Хьоьга кхаъ боккху ас: вайн Петр дукха хан йоццуш лечкъина цӏа веана каторгера. Тхойша цхьаьна ву. Доггах мара а вуллуш, хьан майра куьг лаца хьаьгна тхойша.