– элира цо эххар а, доккха са а даьккхина. – Ца биси-кх кху дуьненахь хьуна ца гуш, ахь ца ӏовшуш а бала. Дала гечдойла-кх хьуна а, хьуна тӏаьхьадогӏур долчу тхуна а. Ӏусман, Делан кхел хилла йаьлла. Да-нана цкъа бен леш дац. Амма оцу шина дийнан къахьо ӏовшаза цхьа а ца волу. Ӏела йухавогӏур вац. Вай доха ца деза, вайгахь собар оьшу, къаьсттана кху чолхечу заманахь. Ӏуьйранна хьалххе лула йарташка нах бахийта хӏара гӏуллакх хаийта. Тезет хӏотто меттиг кечйан а йеза. Каш даккха, дӏаволла кечам бан а беза. Гӏуллакхаш дукха ду. Вохий ма хьийза. Цхьаъ вахийтий, Овхьад сихха схьакхайкха. Вайна-м хьеший шина-кхаа дийнахь кхузахь бита луур дара, делахь а йуьртахь салтий болуш иза кхераме ду. Цундела хӏорш новкъа а бохуш, тховссехь велларг цӏа вало даха деза вай. Амма хӏорш новкъа бахале цкъа ӏелин кехат тӏехь хӏун ду, хьовса деза. Хьуна хӏун хета, ӏусман?
– Иштта бакъахьа ду.
– Делахь хӏета вайн бартах кхетаве и шиъ.
Шаьшшиннан бартах хьеший кхето гӏерташ, дикка къахьийгира ӏусмана. И шиъ тховссехьа йуьртара дӏавала везийла а атта хаийтира цо, ткъа бахьанаш дийца воьлча, хьевелира.
– Тхоьша кхета дерригенах а, – сацийра иза Петрос. – Амма ӏела дӏаволлалц дӏаваха пурба дац тхойшиннан. Ӏелас гечдийр дац…
– Иза дийца а ца оьшу. Шуьшиъ висарх тхуна хила аьтто бац, амма шуьшинна цхьаъ хилахь, тхаьш дуьненахь мел деха дагахьбаллам хир бу тхуна.
Оцу минотехь схьакхечира Овхьад. Хилларг цуьнга дийцинера иза вало ваханчо.
Сийна конверт схьа а даьстина, цу чуьра схьадаьккхина ӏаьрбийн, оьрсийн меттанашкахь йаздина ши кехат Овхьаде делира Ахьмада.
– Дешал, Овхьад.
Массарна хозуьйтуш, кехат деша волавелира Овхьад:
«ӏожалла тӏаьхьа а хӏоьттина лелаш хиларна, хьалххе хӏара весетан кехат йаздо ас. Суна хаьа, нагахь кхузахь сан ӏожалла хилахь, сан лаам кхочуш а бина, накъосташа со винчу йуьрта валор вуйла. Шуьга ду хӏара весет, сан вежарий, кӏентий.
Цкъа а молханан кӏуьран хьожа а йаккхаза болу хӏокху масех йуьртара ахархой, цхьаьна а кхетта, паччахьан эскарех леташ эга боьлча, церан могӏаршка ца хӏоьттича, ца ӏевелира со. Ӏийча, эхь дара суна.
Со леташ ву. Лета вайн а, вайн накъостийн а йукъарчу мостагӏех, вайн массеран а