латточу харцоно, къелло дардина иза, тешам байъина дерригенах. Иза боданехь ду, цунна бихкина серлоне боьду некъ.
Ас доьху шуьшинга, сайна ца гинчу, ца бевзинчу, шуьца цхьа ойла йолчу берриг шун накъосташка а, цо дукха сатийсина, цуьнан дуьхьа цо дукха цӏий ӏенийна маршо сан халкъо йаккхалц, цунна вошаллин гӏо деш цуьнца хилар.
Ахьмад, шовзткъе ворхӏ шо хьалха со ӏожаллех кӏелхьарваьккхина ахь. Берхӏитта шо хьалха сан кӏантана ден метта хилла дӏахӏоьттина хьо. Хьан лаамна дуьхьало а йина, эхарта суна дуьхьал ван пурба дац ӏусманна.
Вайн везчу Дала барт цхьаъ бойла вайн халкъан цо маршонехьа латточу сийлахьчу къийсамехь!
Хӏара весет йаздина Гати-Юьртара схьаваьллачу Абубакаран кӏанта ӏелас, 1331-чу шарахь, шаввал беттан 20-чу дийнахь».
Овхьад кехат дешна ваьлча, цхьана ханна тийналла хӏоьттира цӏа чохь. И сингаттаме тийналла йохийра Петрос:
– Мостагӏчун дӏаьндарго тхох къастий хьо, тхан хьоме доттагӏ, революцин майра бӏаьхо. Амма хьо даим тхан дегнаш чохь вехар ву. Хьо санна дуьнен чуьра дӏаваьлларг леш вац цкъа а. Дерриг хьайн дахаран бехачу новкъахь харцонца къийсина, хьайн даймехкан, хьайн халкъан дуьхьа турпала летта, хьайца цхьана къомах, цхьана динехь боцчу гуьржийн ахархойн гӏуллакхна хьайн са дӏаделла хьо вицвийр вац оха, хьан каторгин накъосташа. Ахь ӏамийна со халонаш эшо, къийсамехь майрра хьалха дӏаваха. Иза суна цкъа а дицлур дац. Ахь, хьайн кӏентий санна, лийринчу, везначу ас а, Николаза а дуй боу хӏара весет кхочушдан, хьуна дукхадезна хӏара хьан декъаза лаьмнаш маршадахарехьа латточу къийсамехь тхаьшшиннан берриг ницкъ, эшначохь синош а дӏадала. Хьо тешна хилалахь, оцу къийсамехь хьан халкъаца Россин берриг тешаме кӏентий хирг хиларх!
Шолгӏачу дийнахь ӏела дӏа а воьллина, нах кешнашкара арабевлча, ӏусман царна тӏаьхьа цӏа а хьажийна, ша ӏелин коша уллохь сецира Ахьмад.
«Хӏан-хӏа, Ахьмад, хьо вогӏур вац соьца, – кошан борза тӏе куьг а хьоькхуш, ӏелин тӏаьххьара дешнаш дагалоьцура цо. – Хьо кхузахь оьшур ву. Дарц дала герга ду, буьрса дарц. Буьрса дарц, мох баьлча, къоначу диттийн хьун таьӏа, царна йуккъехь ӏаламан ницкъо дахчийна къена, зоьртала пепнаш, нежнаш