– Мичахь ву хуург карийна тхуна. Цомгаш ӏуьллу Зеламха. Айкхо ца дуьйцу, иза мичахь ӏуьллу.
– Хӏунда?
– Ахча доьху.
– Зеламха схьавеллачунна вай кхайкхийна берхӏитта эзар сом ду.
– Айкхо ткъа эзар сом доьху.
– Ткъа эзар дац. Нохчашкара даьккхина итт эзар а, ӏедало къастийна бархӏ эзар а.
– Ткъа эзарна тӏера лаха ца волу иза. Ас дукха къийсина цуьнца.
– Мила ву и айкх?
– Вежарий Бортиговгӏар. Шелара. Амма ас поручик Кибировна тӏедиллина, царна тӏаьхьара ма валалахь аьлла.
– Дог дохийла йуй ткъа?
– Йу. И вежарий шаьш а бу Зеламха хӏаллакван лууш. Царах цхьаъ вийна цо. Хетарехь, берхӏиттаннах резахир бу уьш. Царна ши пайда хуьлу – мостагӏ вер а, ахча а.
– Мел хан йезар йу хьуна?
– Лаххара цхьа бутт хан.
– Дика ду. Иза хьан тӏаьххьара дош лорур ду вай.
Шен кехаташ, дӏа а хьарчийна, папки чу листира Караловс.
– Хьан Локхалле цхьа дехар ду сан. Шайна тӏедехкина декхарш доггаха, дуьззина кхочушдинчу Махкатӏан, Жимачу Атагӏан йуьртдайшна, стражникана Гайтукаев Муслимана, дошлочунна Муртазалиев ӏабдул-Межедана баркалла а олуш, дораха хилча а тарло, совгӏаташ далар.
– Дика ду. Кхечара масал оьцур цаьргара. Рапорт йаздай, сан гӏоьнче дӏалохьа.
Шелана гена доццуш, Хулхулон тогӏи уллохь, хьуьна йистехь ша лаьттачу цӏа чохь цомгаш ӏуьллу Зеламха. Кхузахь цхьа а лулахо вац. Чувогӏуш стаг а вац. Атталла Йовмирзин доьзал а бац кхузахь. Шелахь бу. Зеламха кхуза воссале Шела дӏабигна. Хьанна хаьа, Зеламха кхузахь хилар бераша гӏарадаккхахь а.
Кхузахь Йовмирзин кха ду. Цхьа урд хиллал. Хӏокху шарахь хьийкъина хьаьжкӏаш хилла цунна. Дийнахь сарралц уьш чуйерзош болх бо цо. Цкъа хьаькхна охьайехкина. Тӏаккха мор оьцуш, такхораш дина. Хӏинца лоьдгех цӏанйеш ву, гӏодмийн цӏевнаш а доьхкуш. Кийча цӏевнаш такхора а хӏиттош. Гӏоьнна зуда а, бераш а ца даладо. Ша цхьаммо дӏалуьсту цо хьаьжкӏаш. Масех бежана а ша ӏалашдо. И берриг болх шен йаьӏни тӏе лаьцна Йовмирзас. Хӏара цомгаш волу Зеламха арахьарчу кхерамах ларван.
Зеламха цамгаро лаьцна. Меттахь висина а вац иза, амма дено-дено дегӏ гӏеллуш, ницкъ оьшуш, кӏелвиса гӏерта. Наггахь даге лазар лелха, садаӏар хала хуьлу. Даим дӏа дегӏ шелло, хорша йолуш санна. Хӏусамдех эхь ца хетча, буса тӏехуларчу духарца охьавуьжур вара иза. Хӏокху кхойтта шарахь