цхьаьнакхетаран ӏалашонах лаьцна къамел дира Кибировс:
– Ахь дийцинчун хьокъехь подполковника Караловн къамел хиллера Михеевца. Инарла дуьхьал вацара хьуна ткъа эзар сом такха. Амма шен долахь оццул ахча дац, аьллера цо. Нохчашкара даьккхина итт эзар а, ӏедало къастийна бархӏ эзар а бен. Ткъа Михеевн метта областан начальник хӏоттийна инарла Флейшер пис стаг ву. Хьо резавелахь, и берхӏитта эзар ло цо, цул сов цхьа кепек а дац шен, боху.
– Ткъа эзар соьмана тӏера охьаволийла дац сан.
– Ахь ойла йиний, Шахӏаб, хьо оьрсийн эскарехь, оьрсийн эпсар хилла хиларан? Ахь дуй ма биъна паччахьна тешаме хила!
– Со тешаме ву сайн дуйнна. Ас ларбо иза.
– Хӏан-хӏа, Шахӏаб, ахь шалхо лелайо. Хьуна хаьа, Зеламха мичахь ву. Амма хьайна мах ца белча, ца дуьйцу ахь. Тӏе, мах а къуьйсу. Со санна, оьрсийн эскаран эпсар ма ву хьо, тахана эскарехь гӏуллакхдеш вацахь а. Со санна, оьрсийн паччахьан йалхо ма ву хьо. Хьайн дуйнна баккъал а хьо тешаме хилча, ахь маьхза йийца ца йезара Зеламха волу меттиг? Йийца а ца йуьйцуш, айхьа лаьцна, ӏедале схьавала ма везара ахь. Иза хьан декхар ма ду! И хьайн декхар ахь кхочуш ца дахь, ӏедало марахдоккхур ду хьуна.
– Цкъа-делахь, поручик, со эскарехь гӏуллакхдеш вац. Шолгӏа-делахь, суна ца хаьа Зеламха волу меттиг. Иза кхечеран къайле йу. Со церан а, ӏедалан а йукъарлонча ву. Зеламха мичахь ву хуучу стага, шена ткъа эзар ца делча, иза волу меттиг ца йуьйцу, боху. Ас иза дӏааьлла Караловга а, хьоьга а. Аш схьааьлларг оцу стаге дӏа а эр ду.
Кибировс чай дийхира.
– Мичахь ву и стаг? Ас айсса дийр ду цуьнца къамел.
– Иза-м генахь вац. Амма цунна луур дац хьуна гучувала.
– Хӏунда?
– Айкхана шен цӏе къайлехь йиса ма лаьа. Иза берхӏиттанна тӏе охьавало хьожу со.
…Шахӏаб гена ца велира. Цӏенош чуьра ара а ца велира. Кхечу цӏа чохь вара цуьнан йуьртахо а, дика нохчийн мотт хууш цхьа дегӏастанхо а.
– Берхӏиттаннал хьала ца бовлу уьш. Цунна реза вуй шуьшиъ? – хаьттира цо цаьршинга.
– Жимма ладугӏур оха. Ткъанна тӏера йуха ма вала.
– Хӏинца дуьйна дӏа йочанаш хир йу, тӏедогӏуш ӏа ду. Кхечо мотт баьхьана, ӏедало иза вийча, йа иза цамгарх велча, берхӏитта кепек а йоцуш ма дисахьара вай.
Важа шиъ вовшашка хьаьжира.