цхьаьнакхетар дика чекхделира. Амма иза чӏогӏа низаме, кӏоршаме ву бохуш дуьйцу. Немцойн цӏий ма ду цуьнан пхенашкахь. Нагахь санна тховсалера операци кхиамца чекхйалахь, Кибировс пусар дийр дац цуьнан.
Доцца аьлча, тховса къаьстар бу Кибировн карьерин кхоллам а…
Пхьуьйра-ламаз дина, вирд даьккхина, садаӏа дӏатевжира Зеламха. Пенах тоьхначу жимачу анна тӏехӏоттийна мехкадаьттанца баго эчиган чиркх гӏийлла серло луш богура. Шеллуш, пешахь цӏе латтайора Зеламхас. Хӏетте а шена тӏера исхарин гӏовтал, лаьстиган хеча, когара тӏергӏан пазаташ дӏа ца йохура. Цкъа-делахь, тӏехулара бедарш дӏайаьхча, дегӏана хорша хуьлура. Шолгӏа-делахь, цхьа кхераме минот тӏехӏоьттича, бедарш тӏейуха хан хир йацара. Эткаш а хуьлура маьнги улло хӏиттийна, кийчча.
Арахь догӏа дара комаьршша тӏедоьлхуш. Коран ангалих раз деттачу догӏанан татанаша даг тӏе сингаттам туьйсура. Йовмирза цӏахь вацара. Цаьршинна керла сискалш, нехча, кхачанан цхьацца сурсаташ дохьур дара, бехйелла бедарш йитта дӏа а лур йара ша аьлла, маьркӏажан бода боьлча, Шела ваханера иза.
Зеламха шен ойланашца цхьа висинера хӏокху хӏусамехь. Мел дӏахьийзайарх а, ойла доьзална тӏейоьрзура. Беци, Зезаг, бераш ган сатуьйсура цо. Ши шо сов хан йаьллера цунна уьш газа. Могаш велахьара, хьалхалера тешаме накъостий а белахьара, доьзална хӏоттийна мел доккха ха хилча а, йукъара схьа а баьккхина, лаьмнашка дӏабуьгур бара. Тӏаккха цаьрца Хонкара дӏаваха гӏуртур вара. Амма Зеламха ша цомгаш ву. Могаш хилча а, хьалхалера накъостий а бац. Саламбек, Аюб, Абубакар, ӏусман, Жабраил, кхин дуккха а…
Шахӏабан хӏусамера араваьлча, Дегӏастанан дошлойн полках вовшахтоьхначу шен отрядаца Йовмирзин кӏотара сихвелира Кибиров. Отрядаца бара Шелан йуьртда Дослихов Михаил а, цуьнан гӏоьнча Гӏезамахьмаев Мурад а, округера къайлах агенташ болу нохчий а. Тӏедоьлхуш догӏа, буькъа хатт, ӏаьржа буьйса. Наггахь ткъесо серладохура цӏа, рагӏу, элан рагӏ, хьаьжкӏийн такхораш. Говраш варшахь а йитина, цӏа йукъалоцуш дӏаса а баьржина, тӏаккха тӏеттӏахуьлуш, дитташна, такхорашна тӏехьа а лечкъаш, цӏенна луьстта го бира цара. Цӏенна гергагӏорта ца