Цуьнан агӏон тӏехь, «Турпал вийна» аьлла, жима статья йазйинера журналиста-большевика А. Макеевс:
«Зеламха вийна бохучух ца теша. Иза вайн турпал ма вара. Персин пачхьалкхо шен тӏеман министр хӏотто дӏавехча, Зеламхас жоп деллера: «Халкъана дуьхьал хила ца лаьа суна». Цунна маршо йезара, иза майра, оьзда къонах вара… Шен зуда, бераш ган воьдуш, вийна иза… Къиза, боьха адамаш дара цунна тӏаьхьа толлуш лелларш. Церан цӏерш йицлур йу халкъашна. Царах лаьцна туьйранаш дуьйцур дац, иллеш дохур дац. Зеламха санначу ламанхойх бӏаьрг бузура Пушкинан а, Лермонтовн а… Зеламха вийна бохучух ца теша…»
Зеламхас йина луьра чов йерзо областехь говза лоьраш а ца хилла, Петарбухе вигира поручик Кибиров. Цигахь уггар дикачу больницехь, уггар говза лоьраш хӏиттийра цуьнан чов йерзо. Больнице цуьнга бӏеннаш кехаташ догӏура, Зеламха верна цунна неӏалт кхайкхош, иза вен кхерамаш туьйсуш. И кехаташ йаздийраш цхьа нохчий, гӏалгӏай хилла ца ӏара, дукхахберш оьрсий, гуьржий, хӏирий, дегӏастанхой, кхиболу ламанхой а бара.
Кибиров больницехь ларвеш, даим дӏа лаьтташ, цо къастийна ши хехо вара. Амма шена уллохь эскаран йоккха отряд йолуш санна, майра вацара Кибиров. Больницехь дуккха а адамаш делахь а, чӏир йоькхуш ша верна кхоьруш, дийнахь а, буса а наб ца кхетара цунна. Палати чувеана лор а, кӏайн халат йуьйхина ша вен веана нохчо йа кхин бекхамхо тарлой, цуьнан дегӏе хорша хьодура. Иштта синтем байна кхузахь кхидӏа а ӏиллича, ша хьераваларна а кхеравелла, Петарбухерчу набахтин больнице охьавижавайтира цо. Цигахь тешам боллуш салтийн доккха ха дара, зуламхой-тутмакхаш ларбеш.
Шина баттахь цигахь ӏиллинчул тӏаьхьа, товелла, больницера аравелира Кибиров. Ша сатийсина полковникан чин а делира цунна.
Зеламха хӏаллаквеш, операцехь дакъалаьцна эпсарш чинехь лакхабехира, массо а могӏарерчу гӏалагӏазкхашна, дегӏастанхошна лакхара совгӏаташ делира паччахьо.