Даймахке безам а, Даймохк ларбар а ийманан цхьа билгало йу.
Хьадис
Шен куьйгашца а, маттаца а кхечунна бохам ца бина бусалба – иза цӏена бусалба ву.
Хьадис
Россехь цкъа хьалха революци, тӏаккха граждански тӏом болуш масех декъе йекъайелира Нохчийчоь.
Цхьаболу нохчий Ведана охьахевшинчу суьйлашна – имамана Узум-Хьаьжина, Нажмуддина, туркоша кхуза ваийтинчу имам Шемалан кӏентан кӏантана Саьӏад-Бекана – тӏаьхьахӏиттира.
Кхиберш большевикашна Орджоникидзена, Кировна, Гикалона, Эльдарханов Таьштамарна, Шерипов Асланбекана тӏаьхьахӏиттира.
Кхоалгӏанаш Чермоев Тапа коьртехь волуш, кхоллайеллачу Ламанхойн правительствехьа гӏевттира.
Боьалгӏанаш белогвардейцашна Деникинна, Бичераховна, Алиевна, Чуликовна тӏаьхьахӏиттира.
Пхоьалгӏ анаш, цаьрца цхьаьнцца а боцуш, шайн-шайн гӏеранаш кхоьллина, талораш деш лелара. Царна башха а бацара цӏенаш а, кӏайнаш а, къорзанаш а. Салтий йа гӏалагӏазкхий хилчахьана, бойура, цаьргара герз, духар схьа а доккхий, декъий чӏанадохий, цхьанхьа дӏакхуьйсура.
Дукхахболчу нохчийн ойла большевикашкахьа йара. Цкъа-делахь, цара дохийна дӏадаьккхинера бӏешерийн дохалла нохчийн халкъ хӏаллакдина, цуьнгара маршо, мохк дӏабаьккхина, иза ӏазапехь даллийна оьрсийн паччахьан ӏедал. Шолгӏа-делахь, шаьш ӏедал къехойн кара лур ду, латта, заводаш, фабрикаш халкъан дола йохур йу, къаьмнашна, динна маршо лур йу, даккхийчу а, кегийчу а къаьмнашна йукъахь нийсо йийр йу, бохура большевикаша. Ткъа нохчашка паччахьан ӏедало цаьргара дӏабаьккхина мохк царна йухаберзор бу а, бохура. Маршо а, шайн мехкан дай хилар а – иза дара бӏешерийн дохалла нохчийн халкъо сатийсинарг. Кхозлагӏа-делахь, большевикашца бара нохчийн халкъан уггар хьекъале, кхетаме нах – Таьштамар, Асланбек, Митӏин ӏела, Солса-Хьаьжа, Соип-Молла, кхин дуккха а.
Шовзткъа эзар эпсарх вовшахтоьхна Деникинан эскар Нохчийчу деача, большевикашкахьа, Советийн ӏедалехьа тӏамехь ийгира эзарнаш нохчийн кӏентий. Деникинцаша маситта йурт йагийра, йохийра, талийра.