Цул тӏаьхьа дукха хан йалале со волчу хьошалгӏа веара Тифлисера сан хьаша, ӏилманча-литературовед Кикнадзе Зураб Георгиевич а, цуьнца кхин цхьа ӏилманча а. Хьалха тхойша цхьаьнакхетча, Зураба а дукха вуьйцура Зеламха. Оцу шинна а лиира Хорача ган. Хӏинца ма-воьдду Муслимат йолчу вахара со.
Хьалха санна, Энист ша йолчу а кхайкхина, гуьржий цецбохуш, тхуна чӏогӏа дика хьошалла лелийра Муслимата а, Эниста а.
Шоззе а и шиъ йолчу вахча, цаьршимма дуккха а дийцира шайн дех лаьцна. Суьрташ, ширачу газетийн материалаш гайтира. Ца дийцинарш цхьадерш Гатуев Константинан книги тӏера а хаьара суна. Гатуевн а хиллера цаьрца цхьаьнакхетарш.
Ссылкехь шаьш йаьккхинчу хенахь Лом-ӏела а, Ахьмад а велча, шайн бӏарзделла хьийзар а, цигарчу оьрсаша шайн догъэцар а дийцира. Къаьсттина бовхачу безамца йуьйцура ссылке йахийтина къона революционерка Валентина Михайловна Карташева. Цо шаьш йоза-дешарна ӏамор а, шайна гӏодар а.
– Тхуна цӏа дерза бакъо йелча, тхо новкъа даха йеара Валентина Михайловна. Тускарш чохь булочкаш, кхехкийна хӏоаш, шура, нехча, кхин дуккха а хӏуманаш йохьуш. Новкъахь эшахь а аьлла, ахча а делира цо. Тхан да вийна аьлла, газеташ тӏехь дешча, тхоьга кадам беш Соьлжа-Гӏала кехат даийтира цо Минусинскера схьа. Дика адам дара иза, догцӏена, къинхетаме, комаьрша.
Тӏаккха, Зеламха вийча, цуьнга хьовса шаьш дигар а, иза дӏаволлар а дийцира Муслимата.
– Тхо Соьлжа-Гӏала далийра. Цӏерпошта тӏера охьадиссийча, салтийн а, жандармийн а ха хӏоттийра тхуна гонаха. Хӏара суьрташ хӏетахь даьхна тхан. Сой, Энист къаьсттина хӏоьттина йу, доьзалехь тӏаьххьара йуьсур йуйла хууш санна. Йарташка даха бакъо ца лора. Мирзоевгӏеран цӏеношка дӏатардира. Цӏеношна гонаха а ха хӏоттийра. Уггар хьалха Мухтаров веара тхо долчу. Тхан ден хьаша, хьолахо, азербайджан. Мохьмад, Энист деша дӏатардан лаар хаийтира цо. Тхуна дешар оьшу, бохура. Энист хӏетахь цомгаш йара. Иза деша йохуьйтийла ца нисделира. Мохьмад реальни училище дӏатарвира цо.
– Даа, тӏедуха, кхин оьшург мичара хуьлура шуна?