– Дала гечдойла Зеламхина. Дала гӏазот къобалдойла цуьнан! Майра, оьзда, доьналле къонах, халкъан тешаме кӏант вара иза. Ишттачу къонахчун кхоам бара, шуьшиъ санна хӏусамнана а, йоӏ а ца хилча…
Тхан къамел дерзош, тӏаьххьара а йукъа йистхилира Энист:
– Тхан доьзалх со а, Муслимат а йисина. Тхо пхи бер дара тхан ден а, ненан а. Уггар хьалха массарал жима Ахьмад велира, тхо Сибрехь долуш. Тӏаккха Мохьмад велира. Советийн ӏедал тӏедеанчу хьалхарчу шерашкахь ӏедална герзаца дуьхьало йеш цхьа нах бара. Махкатӏахь ӏедална дуьхьал гӏевттинчу кулакаша вийра хӏетахь ЧК-н органашкахь балхахь волу Мохьмад. 1943-чу шарахь НКВД-н органашка балха вахара ӏумар-ӏела. Ведана районехь НКВД-н отделан начальник волуш, 1947-чу шарахь апрелехь бандиташа йамартлонца вийра иза. Ӏумар-ӏела чӏогӏа лорура ӏедало. Партин райкоман бюрон член вара иза. «За оборону Кавказа», «За победу над Германией в Великой Отечественной войне» мидалш йеллера цунна. Хаси-Юьртахь цхьа урам а бу цуьнан цӏарах[7].
– Каш мичахь ду цуьнан? – хаьттира ас.
– Веданахь. Мохьмадана уллохь.
– ӏумар-ӏелин ӏожалла муха хилира?
– Нохчий махках бохуш, тхан дега болчу лерамна, тхо, цуьнан кхо бер, цӏахь дитира ӏедало, – дуьйцура Муслимата. – Тхайн доьзалшца сой, Энист, ӏумар-ӏела, тхан ден шичан ӏеламхин кӏант Ваха а. Ӏумар-ӏела зуда йалоза, доьзал боцуш вара. Нохчийн халкъ махках даьккхинчул тӏаьхьа Ведана лаьмнашкахь бандитийн гӏеранаш йаьржинера. Царах уггар къизаниг Абаевн гӏера йара. Хӏетахь Ведана районехь НКВД-н начальник волуш ӏумар-ӏелин аьтто хилира масех бандит шайн лаамехь ӏедална тӏевало. Абаевс хабар тоьхнера ӏумар-ӏеле, ша хьоьца къамел дан лууш ву, цхьаьнакхета меттиг а, хан а билгалйахьара аьлла. Ӏумар-ӏела резахилира. Со йолчохь ӏаш вара иза. Цхьана дийнахь суьйранна цӏа веача, кхана ӏуьйранна ша волчу вогӏур волуш хьаша ву, Меди, цунна дика кхача кечбелахь, аьлла, соьга дехар дира цо. Иза мила ву аьлла, ас хаьттича, Абаев ву, иза ша мухха стаг велахь а, хьошалла лело ма деза, элира. Ӏуьйранна сатоссуш, тхан керта веара Абаев. Шен герзаца. Масех сохьтехь къамел хилира цаьршиннан.