Дукха хан йалале цӏе кхерстира кхерча тиллинчу ножан дечигах. Ӏелина там беш, коьрте кхин ойланаш туьйсуш, лестара хӏусамненан карахь цаца. Хьалагӏеттина хӏусамда, бедарш тӏе а йуьйхина, гӏуммагӏа карахь, вист ца хуьлуш, аравелира. Хӏинца хьалагӏатта мегаш дара ӏела а. Ша чохь вуйла хаарна кхоьруш санна, схьаэцна, шен миска барзакъ меллаша тӏе а дуьйхина, кога валенкаш а оьзна, чуьра аравелира иза. Уггар хьалха кешнашка ваха дагадеара цунна. Ден а, ненан а, Лоьмин а кешнийн баьрзнаш тӏе хӏотта. Амма тахана цкъа цига гӏойла дацара. Хӏара «керста муьжги» шайн кешнашка хьийзар дезар дацара нахана.
Сийсара шена ши чурт гинчу гу тӏе хьалавелира ӏела. Цигара дӏахьаьжча, кера йуккъехь санна, гуш йара йурт. Ӏела Сибрех вахале динчарех цхьа наггахь цӏа дисинера. Шира дитташ а, къанделлий, хедийний, дӏадевллера. Цхьадерш, генаш а хедийна, чӏанадаьхнера. Къанделла, пайда ца лучу девллера шовзткъа шо хьалха ӏелас дийгӏина бӏарийн синтарш а. Мацах цкъа цо шайн коре боьгӏна ӏаж а бакъабеллера. Беккъа цхьа малх бара, хьалха санна, схьакхеташ а, чубузуш а. Кхидерг дерриг а хийцаделлера.
Хийла сатийсинчул тӏаьхьа, хӏинца шозлагӏа хьоьжура ӏела даймехкан ӏаламе. Амма Хонкарара цӏа веача а, хӏинца а цхьатера йацара дог-ойла. Хӏетахь, мел къен-миска хиллехь а, цӏахь къона Айза а, ши кӏант а вара, къона хиларе терра, ша а дуьненах ӏехалора, стеннах а самукъадолура, кхана-лама дахар тодаларе сатуьйсура, догдохура. Халчу дахаро теӏош, хьоьшуш, ницкъ эшийна, къанвеллачу, мел ваьхча а, шина-кхаа шарахь бен вехар воцчу цуьнан кханенга сатуьйсийла а дӏайаьллера хӏинца. Доьзалх хилларг а ца хаьа. Дегӏехь ницкъ бац. Къаналло гергаийзайо ӏожалла. Хӏинца цо сатуьйсург ӏожалла йара. Амма цунна лаарх, иза хир йац, Дала тоьхна хан тӏекхаччалц. Шен лаьтта тӏехь ваха ца витинехь а, хан тӏекхаччалц кхузахь ваха а, вала а, шен каш хила а лаьара цунна. Йуха а кхузара дӏа а ваьккхина, нехан хийрачу махкахь шен каш хиларна а кхоьрура. Хӏинца цунна кхин хӏумма а ца оьшура, кхузахь цхьана тоьли чохь паргӏат ша вала витичхьана, велча, иттех дол латта делчахьана.