Шена хӏоттийна чурт гича, цкъа дегӏе зуз хьаьдира ӏелина. Гӏенах хуьлура ишттаниг. Ткъа хӏара дерриг а самах ду. Цхьа хан йаьхьира цо, догдоьхна. Амма иза цӏеххьана хазахетарца хийцаделира. Аьрзуна а, цунна а цхьаммо чурташ доьгӏна. Хӏета ӏелин ши кӏант дийна ву. Хӏокху шинна чурташ догӏа кхин стаг вац, ӏумар а, ӏусман а воцург. Ӏелин дахаре болчу безаман цӏарах бисинчу гӏийлачу суйнах цӏе летира.
«Ма тамашийна дуьне ду-кх хьо, – ойла йира цо. – Къанвелча а, вала ца лаьа. Хӏара дуьне къахьделла, велла дӏавалар гӏоли ма йу аьлла, бӏарзвелча а, дикане цхьакӏеззиг дог дохийла гучуйаьлча, мелла а ваха лаьа. Кханенга сатуьйсу, оцу кханено, ламено шена берриг а дика болх бохьур болуш санна, къаналлин шераш охьа а оьзна, къонвийр волуш санна, цамгарех цӏанвина, шена могашалла лур йолуш санна, къелла йицъеш, хьал-бахам лур болуш санна. И мерза ойланаш а йеш, буьйсанна охьавуьжу, наб кхеташ а, ца кхеташ а, ахӏ-ихӏ деш, узарш деш ӏуьйренга ваьлла, бӏаьргаш диллича, цхьа а хийцаделла хӏума ца карадо. Керла баланаш, гӏайгӏанаш йохьуш догӏу хӏора керла де.
Лекха лам хадор санна, хӏума ду стеган дахар. Оцу ломан буьххье хьалаваьлча, шена хьалха хӏетталц массарна а къайле хилла лаьттина керла дуьне схьаделлалур ду моьттуш, оцу буьххьехь шена дуьненан ирс карор ду моьттуш, цига хьалагӏерташ, шен берриг а къона ницкъ кхачабо адамаша. Ткъа шен дахаран хан дӏа а луш, шовзткъа шарахь некъ бина, оцу лакхенга а ваьлла, дӏахьаьжча, хӏумма а ца карадо. Мелхо а, и ша реза воцуш йаьккхина шовзткъа шо хан ирсе хета, йуханехьа цуьнга сатуьйсу, иза дагалоьцу. Хӏунда аьлча, хӏинца оцу ломара охьа некъ бан беза цо. Иза къаналлин некъ бу. Иза лаха, ломан вукху агӏор когашка кхаьчча, цуьнга хьоьжуш, кӏелхиъна ӏаш ӏожалла йу. Ткъа хьанна хаьа, оцу ломан бухьа тӏера охьа, лаха когашка кхаччалц цо некъ беш, цунна тӏе хӏун догӏур, цунна хӏун гур? Ткъа хӏара дуьне баланийн, гӏайгӏанийн, бохамийн цӏа ма ду…».