кӏур бовр бу, меттиг хийцийша, олий. Тӏаккха, меттиг а хийцина, кхузахь хӏара цӏенош дира оха.
– Шун ненан цӏе хӏун йара? – хаьттира ӏелас эххар а.
– Айза.
– Ткъа цунах хӏун хилла, йолуш йуй иза? Дукха къанйеллий?
– Дера къанйелла.
– Хьоьца йехаш йац иза?
– Йац. Кхечухьа марехь йу.
Оцу дешнашца ӏоьттина, ӏелин дагах чекх шаьлта йаьккхира ӏусмана. Шен коьрта тӏехь ларбелла масех ӏаьржа чо оцу минотехь кӏайбелча санна, шен дегӏ кхин тӏе а букархьаьвзина, ӏаддаргӏа хилча санна, хийтира цунна. Шен дахарехь дуккха а баланаш, халонаш лайнера ӏелас. Амма цуьнан дегӏ, дахар, деши санна, цӏена дара, цхьа а тайпа эхьан томмагӏа доцуш. Хӏинца, къанвеллачу хенахь, вала гергаваханчу хенахь, ша дийна а волуш, зуда маре а йахана, эхь деана цунна тӏе. Шена а, шен накъосташна а тӏехь хӏиттинчу акхачу эрчонийн теш хиллачу, бӏозза ӏожаллина дуьхьал хӏоттарх бӏаьрнегӏар ца тоьхначу ӏелин дог, жӏормаках тардеш, хабийра кӏанта аьллачу кхаа дашо.
«Гора, Айза, йаӏ! Хьо дийна а йолуш, хӏокху хьолехь карочул, хьо йелла а йолуш, хьан коша тӏехӏотта дезаш хилла велара со. Йа суна сайн ӏожалла карийна йелара генарчу Сибрехь… Амма сатоха ахь, декъаза ӏела, дукха хан ца йисина дуьненан баланех хьо чекхвала», – элира цо шега шен дагахь.
Хеттарш а совцийна, ойлане ваьллачу шен тамашийначу хьеше а хьоьжуш, дӏатийра ӏусман а.
– Делхьа, ӏусман, хьуна совйаьлла хилла-те нана? Воккха кӏант а волуш, Сибрех вахийтина майра дийна ву-вац а ца хууш, маре хӏунда йахана хьан нана?
– Нана совйер йац цхьанна а. Суна хӏетахь а йезара сайн нана, хӏинца а йеза. Ткъа сан да цо цхьана минотана а ца вицвина. Жима волуш дуьйна хала кадетташ, ӏумар а, со а кхиийра цо. Ӏумар вийча, со цхьаъ висира цуьнан. Цул тӏаьхьа иттех шо а делира. Хӏокху йуьртара цхьа дика стаг висинера, зуда а йелла. Мухха делахь а, цхьана наха оцу стагана хьахийнера тхан нана. Иза къобалдо, бохура, тхан ненан дас. Оцу деношкахь даим гӏийла, кхоьлина, бӏаьргаш цӏийбелла хуьлура нана. Цхьана дийнахь тхан ненан дас, ша волчу дӏа а кхайкхина, къамел дира соьга. «Хӏара къамел хьуна дезар доцийла, хаьа суна, – элира цо. – Нана маре йахийтар кӏанте хьехор оьзда доцийла а, хаьа. Амма, хӏара къамел