-Мӏау! Мӏау!...- хезира цунна ӏаьржачу бодана йуккъехула. Мелла а цхьана серлонах тера бес-бесара бӏарлагӏаш-м дара бӏаьргашна хьалха хаза самукъане ловзуш. Амма кхунна мичара хаан дезара иза цӏен, мо́жа, баьццара самукъне хӏозаш дуйла, хӏара-м хӏинцца дуьнена чу йаьлла жима цициган кӏорни йарий. Селхана йина йелахь а хӏинца а бӏаьргаш беллаза йара цициган кӏорни, цунна ца хаахь а, иза кхин а масех дийнахь бӏаьргаш ца боьллуш ӏен дезаш а йара. «Мӏаьу!.. Мур-р! Мур-р!» - хезира йуха а цициган кӏорнина. Иза шеца сел хаза-мерза къамел дийриг а мила ву ца хаара кӏорнина, амма иза дара дерриг а дуьненчохь а угаре самукъне аз, кхунна девзачарех. Цу озана дуьхьала шега хӏинца а дикка дола ца далуш болу корта а айбина дуткъачу озаца сихонца “Маьу!” аьлла жоп делира кӏорнино. Цунна хаьара, хӏинца шена, бӏагор боуьйтуш мерза йолу, шура хира йуйла. Кестта цуьнан жимчу коьртах а, букъах а бовха, тӏуьна мотт хье́кхабалан буьйлира. Чӏо́гӏа самукъадаьлла кӏорни ша́ а йуьйлира ше́н шелбелла меран буьхьиг улло́хь а́гӏора йаьллачу не́нан довхачу гайх ӏиттан. Эххаре а цунна карийра шена кху дуьненачохь йевзина уггаре а мерза хӏума – шура! Ма самукъане меттиг йу-кх хӏара со кхаьчнарг! – ойла хьийзара цициган кӏорнин жимачу коьрта чу. Шурех ша́ ӏаьбча, иза не́нан гайна бухахь йовхачу цӏокана йуккъехь хьулйелла хьаьрччина дӏайижира.”Мур-рр!”- бо́хуш ше́н бовха шога мотт хьоькхуш на́нас хьоьстура ирсе́н жима кӏорни. Гӏе́наха а цициг кӏорнина дуьхьала туьссура горгийн цӏен, мо́жан, сийнан басахь долу гонаш, уьш самукъне ловзура вовшашца.Жима сира уьйриг санна не́нан гайн бухахь ӏуьллу цициган кӏорнин. Наггахьа ког тохабаларх хаалора иза гӏе́наха бес-бесара хӏозашца ловзуш хилар.
Хӏинца а бӏаьргаш белла хан тӏе ца кхаьчначу цициган кӏорнина кхин гина хӏумма а ма да́цара, иза шена дуьхьала туьйсун бес-бесара хӏозаш бен. Делахь а иза дара уггаре а ирсе́н хӏокха доккхачу дуьнена чохь.
Ткъа хан-за́ма сихонца дӏайоьдура, кӏорни а мерза шура сатталца йаарна а, не́нан безам а бахьана а сихха йоккха хуьлура.