— Доккхачу дуьненахь текхаргийн тоба
Уггаре коьртинаг хила йезаш йу!
Коьртаниг и малх бац! Коьртаниг – бода!
Дуьненчохь ас адмийн хӏу дойъур ду!
Адмашна хӏоранна, це (церг) тухуш чехка,
Дӏовш тухуш адмашна чекх йер йу со!
Со – паччахь! Со буьрса цӏоган тӏехь техка!
Ларлолаш, дегадеш, адмийн хӏу сох! –
Иштта и кура хабарш, къамелаш дора
Бос къорзалаьхьано, кхерабеш нах.
Шен дӏаьвшан ондда ницкъ лаьхьанна-м гора,
Адмашкакхаьчнера тӏаьххьара сахьт.
Шахьарш а йохайеш, йохайешйарташ,
Текхаргаш йуьйлира дӏадетта дӏовш!
Адмашна йуккъера дӏайайра марзо,
Цу админй хӏу дара дӏадаьлла довш.
— Маржа йаӏ! Сан делара и шуьйра тӏемаш,
Сихонца карор бара цу адмийн бен.
Ас, текхаш, хан йойъу, ас бо-кхахьемаш,
Ца кхуьу, сихо йеш, даржаданзе!
Со текхнавалелаш, сеттина ца болуш,
Шина когахь и адмаш сихонца дов.
Хьажий со цу гена, дитта тӏе йоулуш, -
Бос къорза и текхарлуьйш йара, тов!
Хьаьвзина йелира и буьрсатекхарг
Доккхачу толла тӏе, дӏалоцуш бохь.
Хьажийра гонаха горга бӏаьрг дехьа,
Хьажийрасехьа а ира бӏаьрг цо!
Гунаха мел чӏогӏа къерзорах бӏаьргаш,
Кхорзачунна ца гора и адмийн хӏу.
Гонаха техкара и лекха хьаннаш,
Даръеллайоьссира и текхарг чу.
Оцу хенахь диттан бух ша охкуш йара,
Мотт шерабумбари, йишлоькхуш шен.
Ницкъале ши тӏам а айбина бара,
Хӏаваэ йолуш шен цабархьамахьем.
Цунна-ма ца хаьара шена тӏехула кхозуш
Дуьненнадаръелла и текхар йуй.
Горга бӏаьрг цӏаьххьана сецира, хьожуш,
Багара шина маттатуьйхира суй:
— Бӏарзъелла со лелаш, ахьэшаршлоькху,
Ахь со ца лору-те, ца до-тесий?
Сан мерӏела хӏоьттина ахь цӏогӏа хьоькху,
Дуьненна тӏейиллина со-мпаччахьйай!
Бумбарин сецира и зевне эшар,
Сецира сихонца и шера мотт.
Ша кхалла кечъелла и текхарг гича,
Иэгайеш, бумбариндеттало дог.
Къорзаниг реза йу, ша лоруш гина,
Шех кхоьруш массо а текхарганаго.
Оцу жимчу шен коьртацаойла а йина,
Лаьхьанин паччахьо омра ма до:
— Ладогӏал ахь соьга, лергаш дай сема,
Ладогӏал ахь соьга, ва ӏаьржа лай!
Адмашца ас бечу цу луьрчу тӏеман
Гӏо лоцуш, болх беахь тӏемашца хьайн!
Тӏам чехка бумбари, хьо гӏолахь сиха,
Шахьаршкахь лахалахь, толлуш и лам!