Пхьуьшашна жимма кӏади ца тоьинера, делахь а хӏорш амбарана тебина текхаш улло́ боьлхуш, лайн тӏехь, ӏаржачу хе́нахь, мелла а хьуллабора хӏорш кӏайн кӏадих динчу силгана тӏехула тӏедуьйхинчу ду́харо. Хийла нах ӏо́жаллин карара бе́хира Ребаӏата а, Муслимас а оцу ӏай.
Хаддаза де́ха ду Сибрехахь ӏа, делахь и ӏа а чекхде́лира. Амма нохчийн тоьланех йаьккхина йурт Советан ӏе́дало тергала йеш йа́цара. Гучуво́луш ва́цара цхьа а ӏе́далан белхало. Ткъа адамаш мацалла ловш дара хӏинца а.
Ребаӏаттий, Муслимий ца до́лура, нах ӏожалах кӏелхьара ца баьхча. ӏаьржа буьйса шайн накъост а вина оьхура уьш къолла дан.
Иштта рогӏера цхьана буьйсана, йукъалах тӏехйаьла ӏаьржа буьйса гӏо-накъосталла а до́луш, амбарана улло́ кхоччуш бара хӏорш. Муслим хьалха воьдура, гучувалахь а, и сиха вадалуш вара. Хе́хой гуш ба́цара. Хе́хой ӏаш болчу, дечигех хьаладоьттинчу жимчу цӏеначохь, дукха тийна до́луш цецваьлле́ра Муслим. Хе́хойн цӏа чохь чиркх а ба́цара, Муслим цӏенон неӏарна улло́ вахан дагахь тӏеволавелира. ӏаьржачу неӏарна хьала йо́гуш йолчу цигаьркан цӏе хаайелира хӏокхунна хьалха.
- Мила ву кхузахь? – цӏаьхьана вист хилира цхьаъ.
Муслим дӏаиккхира, Ребиӏат йолчу а́гӏора ца водуш, кхе́чу а́гӏора ведира. Тӏаьхьа кхоьссинчу герзана гӏовгӏа йе́лира буьйса йекош. Ребаӏат ша́ йолучохь дӏа лечкъира. Хьоькхуш маьхьарий а до́луш, кхуьйсуш герз а до́луш Муслимана тӏаьхьа йокха гӏовгӏа йахара. Дукха ӏийра Ребаӏат, жимма ге́на а йаьлла ладоьгӏуш.
Муслиман аьтто баьлле́ра ӏаьржачу буьйсана хӏара гуш ца хиларна. Хе́хой тӏаьхьара ца бовлура, сиха а бо́гӏура уьш. Хе́хошкахь шалгу топ хуьлура, амма хӏокхара тӏаьхьа кхуьйсуш йерг пхоьаза йолу тоьпаш йара. «Салтий» - дагадеира Муслимана. И кхеравелла кхин а сиха ведира. Цӏаьххьана хьалха хааде́лира гӏазакхийн кешнаш. Уойла йан хан йа́цара, Муслим кешнийн керта иккхира. Кешнийн барзнашна йуккъера шена тӏаьхьа бо́гӏуш бе́рш хьийза бора цо, тилабан гӏерташ, амма уьш говза бара. Шина де́къе бекъа а белла тӏаьхьа оьхура уьш, го ла́цан, хӏо́ра коле, каше а хьоьжуш. Гуттар а улле кхо́чуш бара салтий. Цӏаьххьана дагадеъна, Муслим шена улло́ нийсаделлачу кашна нийса вохалахьа тӏе вижира. Тӏера духар кӏента