Барзо уьстагӀ буу, борз кхечо йуу, кхиниг вукхо йуу. Хьуна буц ма йеза, йезий?
— Йеза. Шура а йеза.
— Гой хьуна, ас буц ца йиъча, хьуна шура хир ма йац. Шура мерза ма йу, йуй?
— Йу, шура а йу, хи а ду, йуха цхьа кегийра буц а…
— И буц а ма йу иштта са долуш, хьо а, со а санна. Хаза сийна хьала а йаьлла, тӀехь зезагаш а долуш, малхехь йох а луш, иза а лаза ма йо…
— ТӀаккха ас хӀун дан деза! Ас буц йуур а йац-кх, со хьох бакха а бекхаш, хи а муьйлуш, ловза а ловзуш, лелар бу-кх.
— ХӀан-хӀа, буц а йаа йеза. Буц вайна йаа тӀейолуш ма йу, вайга мийлийта оьхуш ма ду шовданаш а…
— Ас ахь аьлларг дийр ду-кх, нана… со йуьстах а лелар бац, жана йуккъехь охьа а буьжур бу, кхин… кхин хӀун ду, нана? Кхин хӀун де ас?
— Кхин хӀумма а дац-кх, хьо хьайн ненан бакхарш бу-кх, жима а болуш, хаза а болуш, кӀайн-кӀайн тӀаргӀа а хьийзина, боккха дума а лестош… ХӀинца хьайн ненах бакхал цкъа, тӀаккха охьабуьжур бу хьо, хьайн нанна улло.
Ӏахар, хьалхара голаш лаьтта гӀортош, охьа а таьӀна, шозза-кхузза чинк тоьхна, шура а йолайалийтина, дуьман суьрк дӀаса а лестош, йух-йуха а чинк а йетташ, бакха хӀоьттира шен ненах.
Нана, нох а дохуш, Ӏадда лаьттара, наггахь Ӏахаран дуьмех бат а Ӏуттуш. Ӏахар гуттар а карзахболура, ша нанас хьаьстича, дума лестош, чинк йетташ, йух-йуха а бекхаш.
Йуха и шиъ охьабижира: нанас шена улло, «бӀа-бӀа-бӀаь» олуш, некха хьалхха схьабалийра Ӏахар, шена гуччохь хилийта.
Ӏахар когаш кӀел бохкуш, ненах дӀа а хьакхабелла, хьаьрччина, буйннал хуьлуш горггбелла, «пах-пах» аьлла, шозза-кхузза шок тоьхна, мара а цӀанбина, йаьӀна ирах а саттош, дӀабижира.
Буьйса Ӏаьржа йара, лаьтта тӀехь хуьлуш ма хиллара, стиглахь-м иштта Ӏаьржа а ца хетара. Лаьмнийн баххьаш стиглан таьӀна-сийначу соьналлехь бода хуьлуш лацаделлера.
Буьйса инзара йара, шен ца гучу, ца йевзачу къайленашца.
Буьйсано кхерам туьйсура, йухь ца гун кхерам.
Цхьанхьа-м чӀоб а дийкира: «чкъий-й-дт, чкъид-чкъий-й-дт» деш, хенан барам боькъуш санна.
Буьйса сама а ца йелира — буьйса тхьевсинера, Ӏахар санна.
Ӏахарна сийна-баьццара дуьне гора гӀенах, къеггина кхетта малх а; цхьа байн мох а хьоькхура лекхачу даккъашца. ХӀара шен ненаца бара, жӀаьлеш а дара гена доццуш; цхьа узам беш, дӀатаьӀна, кхеран Ӏу а Ӏуьллура.