Лазийний? Лазийна, хьаха.
Къарйеллий? Де́ра ца йелла!
Луъураш дуьйцийла на́ха —
Нохчийчоь йа́ла ца йелла.
Йожийний? Йожийна, хьаха.
ГӀоттур йуй? Ас вала дуьллу-кх:
ГӀоттур йу гӀоттучу малхах,
Йаха, кхин малхах ца туьлуш.
Бакъ хиллий? Бакъ хилла, хьаха,
Беллачех хьогчу вай до́хуш-м…
Амма вай кхуьур ду да́ха…
Белларш схьабелара бо́хуш!