Тезетах дӏацӏанлуш, йассалуш керт,
Чувоьрзуш, кевнаш тӏекъевлина,
Су́на ца бохбелла хьох бисна кхерч,
Туьйра а ца дисна гӏевлангахь.
Хьо йолуш санна, со сиха а вац,
Цхьанхьа а хье ца луш, цӏехьа ва́н.
Хьо йо́цуш, на́на, сан то́кхо́ а йац
Со ӏехо йа аса ӏехайан.
Амма хьо кхалхале, су́на хьан чохь
Гӏ́енах сайн денвелла да́ гина…
Цунде́ла хьан хӏусамехула бо
Ас цӏе́хьа во́гӏу некъ да́има.