Кху дуьненан кийра хоьъна зевне
Не́нан маттах дозаделла дешнаш
Схьагулделча цу хьан бетан кевне,
ӏехалур бу кийтарлонах тешнарш.
Хьу́на тӏаьххье шех масалийн ало
Иэбеллачу маттахь кегор кхе́чо,
Лайна, бо́хуш, мехкан бо́цу ба́ла,
Вайн маттана лоьхуш маьрша гечо.
Шуна тӏера даьгна даьлча шатлакх,
Меттан хьал а цхьалхадаьр, де эшна.
Цунна тӏера доӏа карлада́ккхар
Ма дуьсийла шун орцанах тешна.