Дӏакха́чалуш ду де а, малхехь даьгна,
Дӏо́ регӏа ӏенош ӏожах бо́гу бос.
Дӏайухуш йолчу пхьоьхано, вайх хьаьгна,
Вайн уьйр-марзонаш доьзалшна чухьо.
Ткъа вай-м йуха а хӏокху пхьоьханера
Дӏагуллур ду вайх цхьаннан хӏусаме.
И гӏиллакх цӏе́ра ду вайн жималлера –
Дӏа́са ца довлар, пхьуьйре йекъна бен.
Ткъа кха́на-м, вайна малх а гӏийла гӏоттуш,
Дӏахедар беца пхьоьхане цхьа некъ:
Йурт шена тӏаьхьайоьлху те́зет хӏоттош,
Вайх цхьамма бийр бу тховса тешнабехк.