Цу пхьераша тайп-тайпана пхьолаш до, ткъа вай, Мовсарна пӏелга долла мухӏар де, аьлла, гӏур ду. Мохьмад, хьо дӏа-схьа ма хьажалахь. Хьадалчийн вайх бӏаьрг кхетахь, мегар дац. Мовсар, хьо къайллах хьожуш хила веза, шуьшиъ схьакхачар Жовхӏар хууш ю, делахь а хьадалчаша и ларъеш ю. Цо цӏен-кӏайн ши агӏо йолуш болу ӏаж кхуссур бу, Мовсар, ахьа схьа а эций, сихха кисана биллалахь, кхин дӏа а ца хьожуш.
Иоккхачу стага пхьерашна тӏе а вигна, мухӏар де, аьлла, дети дӏаделла, амма муьлхачу пӏелгана дан деза и, билгал а ца доккхуш, мукъачу хенахь цигашхула лела йиш цахиларна.
Тӏаккха а аьлла иоккхачу стага:
— Мовсар! Варий, йоӏ йолчохь, наб ма кхетийталахь. Жовхӏара хьоьга и ӏаж балар, хьо ган лууш, ӏежийн беша вола, бохург ду хьуна. Цуьнан исбаьхьаллина нур догуш а, нур санна буьйса серлаюьйлуш а хир ю. Наб чӏогӏа тӏегӏоьртар ю хьуна, сатохалахь, ӏ37 бӏаьргаш дӏа ма къовлалахь.
Дика кеч а велла, Мовсар вахана эла Мусин беша, Жовхӏар ларъян. Мовсарна, хиина ӏашшехь, наб озийна, Жовхӏаран дашо-дато бос лепарна. Жовхӏара Мовсарна тӏе а хӏоьттина, цуьнга хьажа а хьаьжна, улло охьа а хиъна, ша-шега аьлла:
— Эхӏ! Маржа яӏ-кх, хьо сан хьоме безам, Мовсар! Гена новкъа варна кӏадвелла хир ву- кх хьо, сан деган дакъа, ма чӏогӏа сатийсира-кха аса, хьо сема́рире, цкъа йистхиллалц, цкъа дагара а дийццалц, — аьлла, Жовхӏар чуяхана, ша еаний хаийта, цуьнан чоин ветанаш дӏа а даьхна.
Цул тӏаьхьа сама а ваьлла, Мовсар ша-шех ка а детташ, хӏусаме хьаьдда. Хӏусамнанна сихха хиъна, кхунна наб кхетта хилар. Делахь а, кхуьнан сатедархьама, хӏусамнанас юха а аьлла:
— Хьо шек ма вала, ахьа са ма гаттаде, иза доккха хӏума дац. Амма Жовхӏаре, нуьцкъаш, селхана хан йиллийтина, кху юххерчу цхьана элан кӏантана. Ткъа йоӏана цуьнга яха а ца лаьа. Цигашхула гуш лела йиш яц вайн. Вай оцу гӏуллакхана лелий хаахь, эло кортош дохур ду вайн. Хӏинца мухӏар схьада гӏур ду вай. Хьо ледара ма хилалахь, дика тергалъелахь иза.
Мухӏар схьа а эцна, хӏорш юхабирзича, Жовхӏара кемсийн кан кхоьссина кхуьнга. И билгало кисана а йиллина, Мовсара чӏагӏо йина, шегара яьлла ледарло, кхин ца ялийта.