Цигахь дара уггар даккхий бенойн, билтойн, зандакъойн, ӏаларойн, цӏонтаройн, гӏордалойн, гендарга-нойн, харачойн, белгӏатойн а тайпанаш. Паччахьан заманахь а, советски-коммунистически заманахь а цхьана а ӏедало гӏайгӏа ца беш, социально-экономически а, культураца а тӏаьхьайисина, боберан хьолехь лаьттинера Нохчмахка. Республикан лакхар-чу куьйгаллин даржашкахь а кхузара стаг ца хуьлура. Хӏинца нохчаша шайн пачхьалкх кхуллуш а, оццу хьолехь яра иза. Ӏедал а, мелла а пайда тӏебогӏу меттигаш а, даима санна, Органна малхбузехьарчу, Органан лакхенгарчу а, Теркайистерчу а наха дӏалеццера. Нохчмехкан тайпанийн гулам вовшахтохархойн ӏалашо яра хӏокху ӏедалан харцонаш, ямартлонаш, зуламаш а ӏорадаха а, ӏедалан цхьадолу даржаш нохчмахкахошна схьадаха а, Нохчмехкан социально-экономически, культуран хьелаш то-дар дӏахьедан а. Нохчмехкан тайпанаш барт хилла цхьаьнакхет-ча, иза боккха, кхераме ницкъ бара ӏедалан куьйгалхошна дуь-хьал. Цунах кхёрабеллачу республикан куьйгалхоша, провока-ци а йина, бохийра Гуьмсехь болх бан цхьаьнакхетта и гулам. Тӏаьхьа, ӏедало тӏедилларца, муфтиятерчу ӏеламнехан кхеташо-но сацам тӏеийцира, тайпанийн гуламаш вовшахтохар доьхкуш. /«Ичкерия», 7 января 1994 г., № 2/199/. Ткъа тайпанийн гула-маш вовшахтохар долийнарш, уггар жигара дакъалацархой, коьр-тахой а и ӏеламнах а, хьаьжой а ма бара!
Шайн республикех дакъош ца дина нохчий, гӏалгӏай а боцчу кхечу къаьмнаша. Гӏебартой, балкхарой а, чергазой, кхарачой а цхьана цӏийх а бац, церан меттанаш а, гӏиллакхаш а тайп-тайпа-на ду. Амма цара шайн республикаш, къаьмнаш къестош, да-къошка ца екъна.(Кхузахь чекхйолу зорба тоьхна кхоалгӏа кийсак. «Даймохк», 7 июнь 1994 шо, № 22)
Дегӏастанахь дехаш доккха масех къам ду — суьйлий, лез-гий, гӏумкий, даргинцаш, гӏазгӏумкий, табасаранаш. Церан вов-шийн меттанаш аьттехьа а ца догӏу, дукхахдолу гӏиллакхаш а ду церан яккхий башхаллаш йолуш. Хӏетте а шайн республи-ках дакъош ца дина цара. Иза дан гӏерташ цхьацца нах бевлира оцу республикашкахь, амма цигарчу къаьмнийн хьекъал тоьира вовшех ца къаста.