Ас хӏун дийр ду, сан жимчу доттагӏчо со цкъа а цхьана а хӏуманна тӏаьхьа ца кхиавора-кх. Цунна со а ша санна ву моьттуш хилла хир дара-кх. Амма, сан дакъазаллина, суна Дала делла дац, яьшкех чекхъхьаьжна ӏахар ган бӏаьрса. Со мелла а баккхийчех дӏатарвелла хила там бу. Схьагарехь, къанвелла вогӏу со, къанвелла.
Денна цхьацца керланиг девзара суна цуьнан сайратах, цо иза муха йитира а, цул тӏаьхьа хӏун некъаш гездира а. Цо, шен лааме хьожжий, юкъ-кара жим-жима хьахадора цу хьокъехь. Иштта, тхо девзина кхоалгӏачу дийнахь хиира суна цунна баобабаша* латточу сингаттамах.
Иза а ӏахарна тӏехула хилира. Жимчу элан цӏеххьана цхьа яккхий шеконаш кхоллаеллачух тера дара, цо хаьттира:
– Хьажахьа, ӏахарша коьллаш юу бохург бакъ ма ду, дуй?
– Хӏаъ, бакъ ду.
– Ма дика а ду!
Со ца кхийтира, ӏахарша коьллаш йиъча а, ца йиъча а, хӏун бен ду. Амма Жимчу эло тӏетуьйхира:
– Делахь-хӏета, баобабаш даа а тарло-кх цара?
Ас, баобабаш коьллаш яц, ткъа хазнеха санна андий дитташ ду, бӏаьвнаш санна, лекха баххьаш а долуш, цундела цо ӏахар хьовха, дийнна ковра пийлаш ялаяхь а, цаьрга цхьа баобаб а даалур дацара, элира.
Пийлех дерг хезча, Жима эла велавелира:
– Уьш цигахь тӏекӏел хӏитто дезар дара... – аьлла.
Ткъа тӏаьхьо хьесап доллуш тӏетуьйхира:
– Цкъа юьхьанца, шаьш дикка кхиъна довллалц, баобабаш дукха кегий, эгӏаза ма хуьлу.
И а бакъ ду. Амма хьан ӏахаро стенна дууш ду кегий баобабаш?
Муха – стенна! – со цакхеттарг цхьа пайда боццу хӏума долуш санна, оьгӏазвахара иза.
Иза стенна тӏеван гӏерта ца кхеташ, сан дикка корта хьийзо дийзира.
Эххар а, доллучун а духе кхиъча, сурт иштта хӏуттура.
Жимчу элан сайрат тӏехь кхуьуш йолу бецаш, муьлххачу а кхечу сайрат тӏехь санна, цхьаерш пайдехь а, вуьш – зуламе а ю. Делахь-хӏета, цигахь дикчу, пайдехьчу бецийн дика хӏу а, асаран бецийн зуламе хӏу а ду. Ткъа хӏуш гуш ма ца хуьлий. Уьш кӏоргга лаьтта бухахь тхьевсина ӏохку, царех цхьанна самдала дагадаллалц. Цо зӏийдиг хоьцу, юха иза, озалой, малхе хьалакхевда, юьхьанца – цхьа хьомсара, хела-ховха, зене йоцуш. Иза цӏен хорсам я розийн колл хир йолуш хӏума елахь, дӏакхиийта шена ма-ттов.