Жимчу эло хилларг ма-дарра схьа а дуьйцуш, ас оцу сайратан сурт диллира. Нахана хьехамаш бар бӏаьрга дан дезаш вац со. Амма кӏезга нах бу, баобабаш мел кхераме ю хууш, ткъа иштта стаг цхьана астероид тӏе кхачахь, цунна царех бала хир бу, бала чот йина вер воцуш бу; цундела вуьйхи-кх со сайн гуттар а долчу собарх. «Бераш! – боху ас. – Ларлолаш баобабех!» Мацах суначул башха царна шайна а буй ца хууш, дукха хенахь дуьйна царна кӏело йина ӏа бохам сайн доттагӏашна дӏабовзийта лаьа суна. Цундела хьегна ас хӏара сурт дуьллуш оццул къа а, я хьегна дохко а ца ваьлла. Аш хатта тарло: хӏара баобабаш тӏехь дерг санна, сила-а долу сурташ хӏокху киншки тӏехь кхин хӏунда дац? Цхьа атта жоп ду сан и хаьттинчунна дала: со дилла–м гӏиртира, амма гӏуллакх ца хилира. Ткъа баобабаш дохкуш, оцу сурта тӏехь со гайта гӏерта гӏуллакх луьра а, кханенга тетта йиш йоцуш а дуйла хааро ницкъ лора суна.
Маржа, Жима эла-яӏ! Жим-жима кхеташ, со эххар а кхин цхьана хӏумнах а кхийтира: мел сингаттаме а, гуш хӏума доцуш а хилла хиллера -кх хьан дахар. Еххачу хенахь хьан самукъдаьхнарг цхьаъ хилла – малхбузар тергалдеш, цунах марзо эцар. И суна хиира доьалгӏачу дийнан ӏуьйранна, ахь сайга аьлча:
– Суна чӏогӏа хазхета, малхбузуш цӏийелла стигал. Волохьа, малх дӏа муха бузу хьажа вайша.
– Тӏаккха, собардан дезар ду.
– Стенна деш ду и?
– Малх чубузу хан хиллалц.
Цкъа хьалха хьо чӏогӏа цецвелира, юха хьо-хьайх вела а велла, ахь элира:
– Со сайн цӏахь волуш санна-м дуьйцу ас!
Тӏаккха-м хӏун дара хьуна. Массарна а ма хаьа, нагахь ӏамаркахь малх гӏушлакхе болу хан елахь, Францехь малх чубузу хан хуьлий. Хӏинца, цхьана минотехь Франце кхачавелча, дӏабузчу малхах марзо эца йиш хир яра хьан.
Амма, дависарг, Франци дукхе-дукха гена ю. Ткъа хьайн сайраталг тӏехь, гӏант масех гӏулч дехьадаьккхичхьана, ваьллера хьо. Иштта хьан таро хуьлура цӏийелла малхбузе юх-юха а тергалъеш ӏен, хьан-хьайн цуьнга хьежа лаам хилчахьана, кхин оьшуш хӏума доцуш...
– Мацах цкъа суна малх дӏабузуш гира цхьана дийнан дохалла шовзткъе кхузза!
Жимма ӏийна, ахь тӏетуьйхира: