– Хьуна дукхдезаш цхьа зезаг делахь – дуккха а миллионаш седарчех цхьанна а тӏехь ша санна дерг хила йиш йоцу цхьаъ бен доцу зезаг – и тоьуш ду хьуна, стигла хьала хьаьжча, хьуна хьо ирсе хета. Ахь хьайга олу: «Цигахь цхьанхьа дехаш сан зезаг ду...» Ткъа иза ӏахаро даахь, – иза массо а седа дӏабар санна ма ду! Иза, хьоьга хаьттича, доккха хӏума дац-кха!
Иза эххар а вист а ца хилалуш висира. Юха цӏеххьана, гӏагӏъаьлла, вилхира. Садайра. Сан болх а бисира. Суна тоххарехь йицъеллера сайна бале яьлла, гӏоза ма хиларг, гайка а, жӏов а, сайн хьогалла а, валар-висар а. Сан седанна тӏехь, сан сайрат тӏехь – Латта цӏе йолчу сан планети тӏехь воьлхуш вара Жима эла, цуьнан догъэца дезара. Ас, кара хьала а эцна, тахкийра иза. Ас цуьнга бохура: «Хьуна дукхдезачу зезагна цхьа а кхерам бац. Ас хьан ӏахарна муцӏархъюллург юьллур ю... Ас...» Суна, кхин цуьнга хӏун эр ду ца хаьара. Суна со цунна хьалха бехке а, цхьана а хӏуманна гунахь доцуш а хийтира. Муха кхайкха ас, цунна сан кхайкхар хезар долуш, цуьнан сайх дӏакъаьхкинчу синна муха тӏаьхьакхиа со? Мел тамашийна, шен къайле йовзаза бу-кх и – и бӏаьрхин мохк...
Цул тӏаьхьа дукха хан ялале суна дикка девзира и зезаг. Жимчу элан сайрат тӏехь гуттар а кхуьуш хилларш башха эшъаьлла доцуш, цхьа мадаре зезагаш дара – церан жаззаш* а дара кӏезга, вуно кӏезга меттиг яра цара дӏалоцург а, уьш цхьанна а новкъа а дацара. Хӏора ӏуьйрана бацалахь схьаделлалора уьш, суьйренца маргӏалдоьлхура. Ткъа хӏара мичара баьлла а ца хуъчу цхьана хӏу-буьртигах хьаладелира, тӏаккха Жимчу эло кхечу цхьана а зӏийдигах я хелигах тера йоцчу цуьнан зимигчу* зӏийдиг тӏера бӏаьрг дӏа ца туьлуьйтура. Хӏун хаьара, иза баобабан цхьа керла тайпа дуй а? Амма и колл, сихха дегӏдоккхучуьра сецна, силам а баьттӏа дӏахӏоьттира. Жимчу элана иштта баккхий силамаш цкъа а гина а бацара, уьш кестта цхьана исбаьхьа доккхачу ӏаламате доьрзург хилар хьоьхура цуьнан даго. Ткъа цкъачунна шен баьццарчу отолган* пенаш юккъехь хьулделла долу и ца девза хьаша гуттар а кечлуш дара. Цо леррина басарш хоьржура.