Со кхетарехь, иза цул тӏаьхьа, бовх-бовха мохк хоьржуш, кхерсташ лелачу олхазаршца цхьаьна некъаш гездан аравелира. Тӏаьххьарчу ӏуьйрана хьалхачул чӏогӏа битаме ялийна, новкъ-нацкъар дерг дӏасадаьккхина дӏахӏоттийра цо шен сайрат. Цо леррина дӏацӏандира аьрдаш долу тӏам-лаьмнаш. Аьрдаш болу тӏам-лам цуьнан шиъ бара. Гуьйрана тӏехь юург йохъян чӏогӏа аьтто болуш бара и шиъ. Царал сов ӏа яйна кхин цхьа тӏам-лам а бара цуьнан. Кхо хӏун до а, хӏун хаьа, элира цо шен дагахь. Тӏаккха и ӏаяйна тӏам-лам* а дӏацӏанбира. Тӏам-лаьмнаш ахь дикка дӏацӏандича, цкъа а ӏеттор доцуш, цхьанаэшшарехь гӏийлла догу. Тӏам-лам ӏеттор – иза пешан туьнкалг чохь кӏуьрзах йоьлла цӏе ягар санна ду. Вай-м, хӏокху лаьттара адмаш, дукха гӏийла хӏумнаш ю, вайга дӏацӏанлур долуш дац вайн тӏам-лаьмнаш. Цундела бовлу царах вайна оццул баккхий сингаттамаш. Юха Жимчу эло гӏийла ойлаярца бухъехира баобабан тӏаьххьара йисна зӏийдигаш. Ша кхуза юхавогӏур вац аьлла, тешна вара иза. Делахь а ӏуьйрана бечу балхах цо йоккха марзо оьцура. Тӏаьххьара зезагна хи а тоьхна, иза дӏахьулдан гӏерташ ша воллуш, цуьнан чӏогӏа велха догдеара.
Марша ӏойла хьо, – элира цо. Исбаьхьа зезаг дуьхьал дист а ца хилира. Марша ӏойла, – элира Жимчу эло юха а. Зезаго, «ахӏ-ахӏ» аьлла, йовхарш туьйхира. Шелделла хиларна а дацара и.
– Со ӏовдал хилла хиллера, – элира цо эххар. – Къинтӏераваьллахь суна. Хьайн десара, ирсе хила хьажалахь.
Цхьана а дашца дездер я бехкбаккхар а дацара цуьнан. Жимчу элана и тамашийна хийтира. Эхь хетта, лаьттара иза буйнахь аьнгалин пхьегӏа а йолуш. Цунна мичара ели хӏинца и тийна-таьӏна эсалалла?
– Хӏаъ, хӏаъ, суна хьо дукхвеза, – хезира цунна.
– И хьуна цахаар сан бехк бу. Хӏинца и коьрта ду. Хьо а хиллера, со санна, ӏовдал. Хьайн десара, ирсе хила хьажалахь... Дӏаяккха и пхьегӏа а, и суна кхин оьшуш яц.
– Ткъа мехаш...
– Иштта шелделла а дац со... Буьйсанан цӏена* хӏо суна мелхо а аьхна ду. Зезаг ма ду со.
– Ткъа акхарой, сагалматаш...