«Хӏокху стагах, – элира ша-шега Жимчу эло, дӏаваха новкъа а волуш, – хӏокху стагах уьш бешар а бацара: паччахь а, дозалча а, гӏуллакхча а, къаьркъанча а. Амма хӏетте а, суна хетарехь, царах уггаре беламе воцург хӏара цхьаъ ву. Хӏунда ву аьлча, дуьххьалдӏа шен гӏайгӏабина, шена дезарг лехна ӏаш вац иза».
Жимчу эло доккха садаьккхира.
«Гергарло цуьнца лело дезара-кх, – аьлла, кхин ойла а хилира цуьнан. – Амма цуьнан сайрат дукха жима ю. Шинна меттиг тоьур яц цу тӏехь...»
Иза ша-шена а даредан ца хӏуттуш, оцу исбаьхьчу сайраталго кхин цхьана бахьнина а хьогаме* дагахьбалам битнера цунна: ткъе деа сохьтехь бӏе шовзткъазза чубузу малх гарх марзо эца йиш яра, цу тӏера дӏахьаьжна.
Йолхалгӏа сайрат цул хьалха хиллачул уьттазза йоккха яра. Цу тӏехь вехаш сила-а стаммий киншкаш язъеш волу воккхастаг вара.
–Дӏахьовсийша цкъа! Гезданча* а кхечи схьа! – воккхаверца мохь иккхира цуьнан, Жимчу элах бӏаьрг кхетташехь.
Жима эла стоьл тӏе охьахиира, хьуьхь-воьллачуьра жимма меттаван. Иза дукха леллера ваьлла!
– Хьо мичара ву? – хаьттира цуьнга воккхастага.
– И хӏун нана йоккха киншка ю хьан? – хаьттира Жимчу эло. – Хьо хӏун деш ву кхузахь?
– Со географ ву, – жоп делира воккхастага.
– Ткъа географ бохург хӏун ду?
Иза хӏордаш а, хиш а, гӏаланаш а, лаьмнаш а, еса аренаш а мичахь ю хуу ӏилманча ву-кх.
– Мел самукъне болх а бу! – элира Жимчу эло. – И ду-кх хила ма-деззара гӏуллакх!
Географан сайрат тергалъеш, гобаьккхина бӏаьрг кхарстийра цо. Оццул йоккха планета цунна цкъа а гина яцара.
Хьан сайрат чӏогӏа хаза ю, – элира цо. – Ткъа ӏапказ-хӏордаш дуй шун?
– Цунах дерг суна ца хаьа, – элира географо.
– Э-э, – догдолуш дахдира Жимчу эло. – Ткъа лаьмнаш?
– Ца хаьа, – элира географо.
– Ткъа гӏаланашший, хишший, еса аренашший?
– Уьш ю-яц а ца хаьа.
– Ва, географ ма ву хьо!